Коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу нахах 24 пациент велла Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса, цомгуш хилла кхин а 350 стаг. Оперативан штабан хаамца, Краснодаран кIоштахь 12 велла уьнах, Ставропол-махкахь - 4, ГIебарта-Балкхаройчохь -3, Дагестанехь а – 2 кхелхина. ГIалмакхойчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а цхьацца велла. Верриг а падеми йолаелчхьана схьа коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велларг ву 9 179. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш тIаьхххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан кIоштахь - 109 стаг. Читать дальше...
Бераш дуьненчу дохучу махкарчу перинаталан центрехь дуккха а кхачамбацарш карийна ГIалгIайчуьрчу прокуратурана. Оцу урхалло меттигерчу яхархочунна Экажева Тамарина деллачу жоьпа тIехь ду ишта яздина. ГIалгIайн мехкан перинаталан центран коьртачу лоьро Халухаева Людмилас шен декхарш корматаллица кхочуш ца дарх арз динера цо. Экажевана хетарехь, лоьрийн бехках беран цIа дIадаьккхинера цуьнан. Кехата тIехь билгалдаккхарца,Кавказ.Реалиин артиклехь Экажеван дIахьедаран хьокъехь язйина факташ теллина. Читать дальше...
Францерчу Рамбуйе гIалахь пIераскан дийнахь йийна полицин белхахо. ЦIе ца йоккхчу тIелеттачо шозза логах урс тоьхна цунна полицин декъан дозана тIехь. Дуьхьал герз тоьхна вийна зуламхо. Йинчу чевнех кхелхина жима зуда. Полицин эпсар ца хилла йийнарг, ассистент болх беш хилла иза. ТIелетар динчу стеган цIе йовзуьйтуш яц, амма хаамийн гIирсийн зерашца, 36 шо долу Тунисера орамаш долу стаг ву иза. Бакъо йоцуш еххачу хена чохь Францехь ваьхна хилла иза, амма тIаьхьо мухIажаран статус яккха аьтто баьлла. Читать дальше...
Биттиров Асланца хиллачу латарехь Кадыров Адама толам баккхар хIоттийна сурт дара, Биттировн тренерийн лаам бацара латар юкъахдаккхар аьлла, дIахьедина ГIебарта-Балкхаройчуьрчу боксан федерацин куьйгалхочо Бербеков Нажмуддина. Кадыровн а, Биттировн юха а латар хIотторе дог доху ша аьлла Бербековс. "Лаьар-кх реванш хила", - аьллачу цуьнан дешнаш далийна "Подъем" хаамийн гIирсо. Бербеков тешна ву, латар кечдина дара аьлла. "И нах цига бахарх суна кхо де хьалха хиъна, хIара гIовгIа иккхинчул тIаьхьа. Читать дальше...