Полици оьзна Бельгерчу Льеж гIала нохчашний, курдошний юкъадоьлла дов шордаларна болчу кхерамца. Охан-беттан 16-чохь туьтмIаьжигашкахь хиллачу бевзаш боцчара вийна Нохчийчуьра схьаваьлла мухIажар. Нохчочунна тIелетта 20-30 стагах лаьтта, курдойх хила тарлуш йолу тоба, хаам бо "Франс пресс" агенталло, Бельгин Iедалшна тIе а тевжаш. ГIо-салазан туьтмIаьжигашкахь, Iаьржачу духаршкахь хилла тIелеттарш. Цаьргахь хилла бейсболан гIожмаш а, лаххара цхьа тапча а. Инцидент иккхинчохь нисбеллачара яьккхина видео яьржина социалан машанашкахь. Читать дальше...
Шоьтан дийнахь Американ Цхьанатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена, "массо а агIор харцо ю" набахтехь мацалла латточу Оьрсийчоьнан оппозиционерца Навальный Алексейца хIоьттина ситуаци, аьлла. "Иза чIогIа, чIогIа нийса дац", - аьлла Байдена, Навальныйн могашалла телхаш хилар хьахош журналисташа деллачу хаттарна жоп луш. Иштта хьахийна президента Навальныйна "дIовш далар, цул тIаьхьа цо мацалла лацар" - хаам бо "Американ Аз" радионо. Хьалхо Байдена кхайкхира Оьрсийчоьнан Iедал Навальный мукъаваккхаре... Читать дальше...
Венехь кхо бIе сов стага декхаредира Iедал мухIажирш махкахбахар сацо а, 38 шо долу нохчо-боксер Хациев Iела Австрерчу набахтехь валар талла а. "Ичкерин синбахамаллин центро" мэрин пурбанца хIоттийначу акцин декъашхой Охан-беттан 16-чу дийнан сарахь хилира талламан набахтина а (дукха хьолехь цига кхачабо лоьцучу хенахь Нохчийчуьра схьабевлла мухIажараш), пачхьалкхан юстицин министраллина а хьалха. Демонстраци тергалъеш лаьттира полици. Гулбеллачара "Iелица нийсо е" бохура шаьш бечу кхайкхамашкахь. Читать дальше...
Краснодар-махкахь кхерамзаллин низам талхор толлуш, бехктакхаман гIуллакх айдина Краснодарна гергарчу юьртабахамехь белхаш беш Ми-2 беракема чудожарца доьзна. Бохам хилла Охан-беттан 17-чохь, Москван 14:00 хенаца мехкан Северный къоштахь. 1960 шарахь вина хилла пилот велла йинчу чевнех. "Карарчу хенахь беракема а, иза чудоьжна меттиг а толлуш ю, ягочух йисина ларш, техникан документаци ю зен дIалахьош, экспертиза йийр ю", - аьлла Талламан комитетан Москварчу регионашна юкъарчу урхаллин пресс-векалто, боху "Интерфаксо". Читать дальше...
Набахтехь шена тIе лор цавитарна мацалла кхайкхийначу оппозиционеран Навальный Алексейн могашаллах сагатдечу лоьраша социалан машанашкахула йовзийтина цуьнан цIийн анализ, хаам бо Би-Би-Си радионо. Лоьро Васильева Анастасияс тоьшалла до Навальныйн цIийца калий сов хиларх – дог сацарна кхераме ду иза. Социалан машанашкахь шорлуш бу тутмакхна Навальныйна сихха медицинан гIо кхачор доьху кхайкхамаш. Навальный набахте хьажош кхело бина сацам низаме бирзина а бац цкъачунна, амма цунах иза аппеляци йина а валале тутмакх вина. Читать дальше...