Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо Битаров Вячеслав мукъаваьккхина даржах. Цуьнан меттиг дIалоцур бу Сибрехарчу президентан векала Меняйло Сергейс. "Хенал хьалха Къилбаседа ХIирийчоь-Аланин куьйгалхочун дарж мукъадаккхарх" долу омра президента арахецарх лаьцна хаам бу Кремлан сайта тIехь. Республикан куьйгалле хIоттар дехна президента Путин Владимира Меняйлога, боху "Интерфаксо". Важа резахилла. Битаров даржера дIавоккхуш хиларх лаьцна яздира масех интернет-ресурсо. Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун администрацино иза фейк ю, элира. Читать дальше...
Франци депорт ян гIерта нохчийн жигархочунна. Хьалха кхело дихкинера иза дан; Нохчийчоьнан спикеран Даудовн гергарниг а, цуьнан юьртахо а летта Кадыровн критиках Венехь; 14 шо хан тоьхна Венехь нохчочунна. Умаров Мамихан вийначун агIор тапча кхосса гIортарна
Францера Оьрсийчу дIахьажийна Нохчийчуьра мухIажар Гадаев Мохьмад. Иза хIинца Оьрсийчохь ву. Ша депортацин лагерера кемана хаон масех сахьт дуьсуш, протест кхайкхош, шен гай цистира цо. Нохчийн мухIажарца кема охьадоьссина Шеремтьево аэропортехь Охан-беттан 9-чохь, хаам бина Кавказ.Реалиин корреспонденте цуьнан зудчо Джанната. Цо бахарехь, Москвара телефон тоьхна цо. Iуьйранна нохчийн тоба яханера Гадаев лаьцна латточу депортацин лагерь лаьттаче, цара доьхура пачхьалкхе цунна депорт цаяр, амма гулбеллачарна ... Читать дальше...
Нохчийн Республикан Лаккхарчу кхелан суьдхочо Мадаев Хасмохьмада Оханан-беттан 7-хь аюхаталла хьажийна республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана гуш-хезаш кхерамаш тийсарца доьзна гIуллкх. Цу кепара, кхело жоп делла цхьаьнаметта масех бакъонашлархочо, шайна юкъахь "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар) бакъонашларъяран центран Кхеташонан куьйгалхо Черкасов Александр а, "Мемориалан" Кхеташонан декъашхо Орлов Олег а... Читать дальше...
Францин Iедал Оьрсийчу депортаци ян кечлуш ду 37 шо долчу Нохчийчуьрчу мухIажарна, юкъаралхочунна Гадаев Мохьмадна. Хьалхо кхел цуьнан адвоката тешийнера цунна тIехь цIахь Iазап хIотториг хиларх. Лаьцна, депортацин набахте хьажийна Гадаев Охан-беттан 8-чохь, иза полице куьг яздан вахча, хаам бина цуьнан зудчо Кавказ.Реалиига. Зазадоккху-баттахь хиллачу кхело, хIора дийнахь полице а воьдуш, куьг яздан декхаре вина хилла иза, ша депорт юхаяьккхина хиларе терра. "Со комиссариатна хаьлха лаьттира... Читать дальше...
Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цунан гонна а критика еш хуьлучу нохчийн блогерах Асламханов Мурадах (социалан машанашкахь Мурад Wien олу цунах) летта Венехь. Кавказ.Реалиин хьасташа дийцарехь, Охан-беттан 6-чохь хилла инцидент. Бакъонашларъечу Vayfond цхьаьнакхетараллин информацица, шиъ хилла тIелеттарг: царех цхьаъ Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочун Даудов Мохьмада уллера гергара ву (цIе билгалъялаза ю), шолгIаниг – цуьнан юьртахо, Австрера боксан чемпион Чакаев Iаьрби. ... Читать дальше...
Венехь кхело 14 шо тоьхна набахтехь даккха А. Ахьмадна, иза Умаров Мамихан киллерх Сар-Iелех 1алашвархьама герз тоха г1ортарна. 37 шо долу Ахьмад А. салардархо хилла Кадыровн режимна критика ечу, вийначу "Анзор из Вены" аьлла вевзачу Умаровн. Цунна бехкедина "Умаров вийначул т1аьхьа киллер хила тарлуш волу стаг вен дагахь хилла хилар". Ахьмада аьлла кхелехь, ша стаг вийнарг лаца воллура, иза зулам а дина водуш волчу машенан чкъургах герз тоха гIиртира ша. Сацамна аппеляци ян дагахь бу адвокаташ. Читать дальше...