Нальчик гIалин кхело Гацалов Артур а, Темукаев Тамерлан а бехкевина бераца иккхина конфликт бахьанехь школерчу хьехархочунна еттарна, хаам баржийна "Интерфаксо". Шинна а тоьхна цIахь такха ши шо. Нальчикерчу №2 лицейн дешархочунний, хьехархочунний юкъа конфликт юьйлира Лахьан-баттахь. Дешархочо арздина хилла шен девешига Гацалов Артуре. Талламан версица, лицей веъначу Гацаловс а, цуьнан накъоста Темукаевс а классера аракхайкхина хьехархо. Цхьаммо еттачу юкъанна, шолгIачо лаьцна латтийна иза, тоьхна масийттазза. Читать дальше...
Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанан кIоштарчу Шалажера схьавалла 32 шо долу Мамуев Нурмохьмад вайна, Германин Iедало депорт а йина, цIахьажийначул тIаьхьа. Оцу хьокъехь хаам баржийна адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма цо и статус тIе ца эцна шена – редакцин билгалдаккхар). Мамуев Берлинехь ваьхна шен зудчуьнца, деа бераца 9 шарахь. 2009-чу шарахь дуьйна вара иза Европехь. Зазадоккху-беттан 24-чохь, буса, полицин белхахоша неIарш а йохош... Читать дальше...
Аргентинин президент Фернандес Альберто изоляцехь ву коронавирус кхетта хила тарлучу шеконца. Хьалхо Оьрсийчоьно кхоьллина "Спутник V" вакцина тоьхнера цунна. 62 шо долчу политика шен твиттерехь яздина, сарахь гIеххьа лакхаяьлла температура яра, корта а лозура шен, циндела ша тетстах чекхвала сацамбира, аьлла. ХIинца ПЦР-диагнозо хьал дуьззина билгалдаккхаре хьоьжу иза. "Спутник V" вакцина къобалйинчу хьалхарчу пачхьалкхех ю Аргентина. Вакцинин хьалхара маха Фернандеса тохийтина шена Дечкен-баттахь... Читать дальше...
Новосибирскехь "Сибиран йовхонан-энергетикан компанино" ялх шо долу йоI елла кхеле, цуьнгара 26 эзар сом даккхар доьхуш. Оццул ду 2016-чу шарахь пехийн лазарх еллачу беран нанна тIехь чоьнаш йохъярх дIадалаза дисина ахча хаам беш ю Сибирь.Реалии. ОТС телеканало бахарехь, нана еллачул тIаьхьа петарх дакъакхаьчна цунна, ненанненаца а, цуьнан хиллачу майрачуьнца а цхьаьна. ЙоьIан ненавашах "Подъём" газете дийцина, доьзалан адвокат лаца ахча дац хьал кхелехь листийта, аьлла. Цо арздина Новосибирск-мехкан... Читать дальше...