Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Февраль
2020

Новости за 13.02.2020

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (13.02.2020)

Устрадехь нах лецна, Тулехь "нохчочо" ахчанаш даьхна, Iедалехь дIатарбелла Кадыровн нах, Венехь юха довхаттар (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Устрадехь полисхоша меттигера бахархой лецна

ТIаьххьарчу кIиранчохь Нохчийчуьрчу Устрада-гIалахь полицино лаьцна вигина меттигера ши вахархо, яздо "Кавказ.Реалиино", (редакцина билггал хууш ю церан цIераш).  Ницкъахоша дIабигинчийн гергарчара дийцарехь, Гудермесская олучу урамехь, гIалин чоьхьарчу гIуллакхийн дакъа лаьттинчу ИВС-хь латтош бу уьш. Верриг а цу чохь латториг 10 стаг ву. Гергарчара бахарехь, наркотикех пайдаоьцуш хилла цара аьлла, шеконашца бигина бу уьш, ткъа шиннан наха чIагIонаш йо, шайн кIентий наркотикашца боьзна бацара бохуш.

Radiomarsho.com 

Дагестанера а, Нохчийчуьра а дукха нах бу дIаоьхуш

2019-чу шарахь динчу терахьашца, Къилбаседа Кавказерчу субъекташлахь уггар а дукха мухIажирш баьхкина ГIалгIайчу а, Ставрополан кIошта а, яздо obzor.io хьостано. Росстатан зерашца, стохка Дечкен-баттара Лахьан-батте кхаччалц йолчу юкъанна Дагестане баха схьакхелхина 43 эзар гергга стаг, ткъа республикера араваьлла 49 эзар. Къилба ХIирийчу юхавеана 10 эзар гергга стаг, ткъа цу регионера кхечу мехкашка дIавахана 13 эзар вахархо. Нохчийчуьра араваьлла 17, 5 эзар вахархо, ткъа ваха веана 16 эзар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Бехк боцуш лецна нохчий дIахецна Австрехь

Нохчийн къомах волу ши жима стаг лаьцнера Венехь стохка ГIуран-баттахь. Теракт ян кечлуш хилла и шиъ, аьлла шеко кхоллаеллера меттигерчу низамаш лардечу органийн. Ши нохчо лецира, Австрин зорбан гIирсашкахь шуьйра дийцаре а деш. Цхьана кIиранах хьехийра цара нохчаша тIелатар кечдеш хилла бохуш. Амма Грац гIалахь талламан изоляторехь шина баттахь латтийначул тIаьхьа и шиъ дIахийцира гIалин Лаккхарчу кхелан сацамца. Цу сацамехь дуьйцуш ду, ши нохчо бехке хилар чIагlдеш талламхоша гулдина тоьшаллаш бух болуш дац аьлла.

Radiomarsho.com 

Кадыров: "Сан гергара нах кIезиг бу куьйгаллехь"

Республикехь куьйгалле нах хIитточу хенахь, шен ден Ахмад-Хьаьжин некъа тIехь уьш хилар ша чоьте оьцу аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Кху деношкахь шен вешин кIант Кадыров Хьамзат а, йишиниг Закриев ИбрахIим а лакхарчу даржашка хIитторах комментари луш дина цо ишта дIахьедар министрийн кабинетан кхеташонехь. "ХIаъ, Ахьмад-Хаьжин берийн бераш уьш хилар а ма ду боккъал аьлча уьш хIитточу хенахь ас юьхьарэцна", - боху Кадыровс. Шиммо а хьалха шаьш къахьегначу меттигашкахь кхиамца гайтина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Яндарбиев Зеламха вийна 16 шо хьалха

16 шо хьалха ша вехачу Къатарахь маьждигера араваьлла шен машен чу хууш, Яндарбиев эккхийтира Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан белхахоша. Цуьнан воI Дауд лазийра, Зеламха велира хиллачу чевнех. (карлаяьккхина видео)

Radiomarsho.com 

Шемахь маьршачу нахана тIелатарна ЭрдогIано Москвана бехкбиллина

Шемарчу Идлиб провинцехь маьршачу нахана тIелатарш деш, уьш хIаллакбарна Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа кхааридийнахь бехкейина Оьрсийчоь. Нагахь санна, туркойн салташна юха а керла тIелатар дахь, Шеман пачхьалкхан эскархошна шаьш бекхам бийр бу аьлла, кхерамаш тесна ЭрдогIана. Оьрсийн тIеман министралло дIахьедина, ЭрдогIана дуьйцург бух болуш дац аьлла. Шемахь террорхойн тобанаш маьршачу нахана тIехьа а лечкъаш  тIемаш беш бу аьлла ду Оьрсийчоьнан тIеман министраллан дIахьедар. Кху... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ша нохчо ву а бохуш, Тулехь нахера ахчанаш дохуш хилла цхьана стага

Ша нохчо ву а бохуш, меттигерчу бахархошкара ахчанаш дохуш хилла Тулан кIоштарчу цхьана курхалчо. Социалан машанерчу шен аккаунтехь яздина цунах лаьцна Нохчийчоьнан зорбан министро Умаров Джамбулата. "ТIаьххьарчу заманчохь дукха нисло, шаьш "нохчий" ду, я  "кадыровхой" ду а бохуш, нахера ахчанаш дохуш, бахам гулбе нах гучубийлар", - яздо министро. Тулехь бехачу цхьана оьрсийн доьзало яьккхина видео шен пена тIе оьллина Умаровс. Цара дуьйцу, еххачу хенахь ша нохчо ву а бохуш, цхьана стага кхерамаш туьйсуш, ахчанаш дахарх шайгара. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Тутмакха Дадаев Заура шен суьрташ интернетехь даржор талла долийна

Оьрсийчоьнан оппозиционер Немцов верна набахтехь таIзар токхучу Дадаев Заура социалан машанехь шеца цхьана хан йоккхучу тутмакхашца цхьана даар хIоттийначу стоьлан гонах даьхна суьрташ даржор талла долийна Иркутскан кIоштарчу таIзар кхочушдаран федералан урхалло (УФСИН). Кхааридийнахь бина цунах лаьцна хаам Иркутскерчу УФСИН-ан пресс-гIуллакхойн куьйгалхочо Хинданова Ольгас. Шашлыкаш, кеп-кепара стоьмаш, мутташ хIиттийначу стоьла гонах бу 2018-чу шарахь зорбане даьхначу суьрташ тIехь тутмакхаш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровс шен вешин кIанте кховдийна спортан министран дарж

Нохчийчохь спортан министр хIоттийна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен вешин кIант, 23 шо долу Кадыров Хьамзат. Инстаграмерчу шен пена тIехь иза декъалвина республикан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Хьалхо Куьршала кIоштан администрацин префект вара Кадыров Хьамзат. Оршотан  буса Кадыров Рамзанан шичас, Шела кIоштан куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iелас ларамза  Инстаграме баьккхира, Хьамзат къоман Кхерамзаллан Кхеташонан секретарь хIоттийна аьлла хаам. ШолгIачу дийнахь шен пост дIаяьккхира цо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Газах алсам декхарш тIехьарчийна Нохчийчоьно

«Газпром межрегионгаз» компанина хьалха уггар а алсам декхар тIехьарчийначех ю Нохчийчуьра «Теплоснабжение» компани. Карадеанчу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь довзийтинчу зерашца, 2, 58 миллиард сом ду церан вовшахкхетта декхар. Ишта декхаршлахь йолчу компанешна юкъаяхна 2 миллиард сов ахча тIехьаьрчина Къилба ХIирийчуьра ОАО «Владикавказские тепловые сети» а. Нохчийчохь декхаръяхна 4 организаци ю. 11, 3 миллион сом дIадала дезаш йолу ГIалгIайчуьра "Урс" олу цхьа компани бен яц. Кхарачойн-Чергазийчохь – пхиъ ю. Читать дальше...





Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus