Кадыровс шен вешин кIанте кховдийна спортан министран дарж
Хьалхо Куьршала кIоштан администрацин префект вара Кадыров Хьамзат. Оршотан буса Кадыров Рамзанан шичас, Шела кIоштан куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iелас ларамза Инстаграме баьккхира, Хьамзат къоман Кхерамзаллан Кхеташонан секретарь хIоттийна аьлла хаам. ШолгIачу дийнахь шен пост дIаяьккхира цо. "Кавказ.Реалии" кхиира цуьнан скриншот яккха.