Нохчийчохь юхаметтахIоттийна Iалам меттахдадар бахьана долуш цхьайолчу меттигашкахь юкъахдаьккхина ток ялар. Маршо Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара, 84 эзар сов Нохчийчуьра вахархо вмсинера Iалам карзахдаларна электросерло йоцуш. Цунах лаьцна хаам бинера Оьрсийчоьнан энергетикан министралло. Болчу хаамца, бахьана ду доккха ло диллар а, чIогIа хьоькхуш мох хилар а. Ток йоцуш бисинера Соьлж-ГIалара а, Гуьмсера а, Аргунера а, ткъа иштта Гуьмсан а, Шелан а, Куршлойн а кIоштийн 54 эвлара бахархой. Читать дальше...
2019-чу шарахь Оьсийчоьнан статистийн зерашкахь билгалдаьккхина Нохчийчохь доьзалш бохаран терахь уггар лахара хилар. Россстато бинчу хаамца, респуликехь веха 1000 стаг схьаэцча доьзалш бохаран терахь ду 0,7. ГIалгIайчохь и гайтам бу - 0,8. Ерриг а Оьричохь 2019-чу шеран 11 баттахь кхоьллина 844 эзар гергга керла доьзал. И терахь 3000 гергга кIезиг ду 2018-чу шарахь хиллачуьнца дуьстича. Уггар кIезиг керла доьзалш кхоллабелла меттиг ю ГIалгIайчоь. ХIора 1000 вахархо схьэцчп кхоьллина цигахь 3,9 доьзал.
84 эзар сов Нохчийчуьра вахархо висина Iалам карзахдаларна электросерло йоцуш. Цунах лаьцна хаам бо Оьрсийчоьнан энергетикан министралло. Болчу хаамца, бахьана ду доккха ло диллар а, чIогIа хьоькхуш мох хилар а. Ток йоцуш бисина Соьлж-ГIалара а, Гуьмсера а, Аргунера а, ткъа иштта Гуьмсан а, Шелан а, Куршлойн а кIоштийн 54 эвлара бахархой. Электросерло ялар юхаметтахIоттош къахьоьгуш ву лерринчу сервисийн 47 говзанча.
Шемара Москва далийна хилла ши бер дIакхачийна Соьлж-гIала. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло. Меттигерчу бакъонашларъярхочо Саратова Хедас дийцарехь, и шиъ ду йиший-ваший. Бераш дехар ду ненайишица. Церан официалан верас йолу иза и шиъ схьадало дуьхьл яханера Москва.