Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Москохарчу векалалло кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, адамийн бакъонашларъярхой а, журналисташ а ларбахьара аьлла. И дIахьедар дина пIерасакан буса Нохчийчохь хилла инцидент бахьана долуш. Маршо Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара, журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Дубровина Маринина а бевзаш боцчу наха тIелатар дина Соьлж-ГIалахь. "Континент" хьешан хIусамна хьалха динна тоба тIелетта цу шинна. Милашинас дийцарехь, царна йиттинарш бара коьртачу декъана зударий. Читать дальше...
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах пайда оьцу зуламхоша, Instagram-хь ахча гулдан харц агIонаш а кхуллуш. Цунах лаьцна хаам бина цуьнан зорбан сервисо. "Цхьана харц агIонехь къовсадалар кхайкхийна, аккаунте дIаязвалар биллам а болуш. И дарна цуьнан авторо кхайкхийна совгIатана кхо миллион сом", - яздо сервисо, Кадыров цу агIонца цхьа а юкъаметтиг йоцуш хилар билгалдоккхуш. Нохчийчуьра Iедалш сагатдеш ду, "Iехийна цу аккаунташка дIаязбеллачу наха эзар сов комментареш юьтуш хиларна". Читать дальше...
БархI стаг вийна, иттаннаш чевнаш йина бу Казахстанан къилбехь Жамбылан кIоштахь хиллачу вовшахлатарехь, хаам бо Маршо Радион Казахийн сервисо (Радио Аззатык), чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана тIе а тевжаш. Болчу хаамца, хиллачу тасадаларшкахь дакъалоцуш хилла меттигера бахархой, амма тешаш чIагIдарехь иза хила мега меттигерчу дунганаш олучу къомах болчу нахана дина тIелатар. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан версица, пIераскан сарахь Кордайн кIоштахь летта 70 гергга стаг. Цул тIаьхьа... Читать дальше...
Американ Нью-Джерси штатехь Къилбаседа Кавказера йоккха юкъаралла ехачу Патерсон гIалахь полицин хьаькам хIоттийна къомах кхарачо волу Байчора ИбраьхIим. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино. Цу дарже дIахIуттуш хиллачу церемонехь цо чIагIо ян Къуръан дехна, хаам бо меттигерчу зорбанан гIирсаша. И церемони дIайирзича полицин хьаькамо имам кхайкхина доIа дан.
Конгрессехь президентана Трамп Доналдана дуьхьал тоьшаллаш динчу Американ Евробертерчу векало Гордон Сондланда дитина шен дарж. Цо дIахьедар дина ша иза дина хиларх лаьцна, пачхьалкхан куьйгалхочун лаам кхочуш беш. Цул маситта сахьт хьалха, улле ваьлла кхерамазаллин белхахо а волуш, КIайн ЦIийнера араваьккхира лахара полковник Виндман Александр. Иза вара президентана импичмент кхайкхор процесс дIайоло бахьана доккхуш Демократин парте арз динарг, дагадоьуйту "Американ аз" зорбан гIирсо. Американ... Читать дальше...
Мехах машенаш лело яларан дуьненаюкъарчу "Avis" компанин векалалла схьайоьллуш ю Соьлж-ГIалахь. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчуьрчу туризман министро Байтазиев Муслима. ПIераскан дийнахь нохчийн министр цхьаьнакхийтира цу компанин инарлин директорца Карреньо Алехандрца, яздо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Байтазиевс дийцарехь, 170 пачхьалкхехь болх бечу "Avis" компанин республикера офис хир ю Соьлж-ГIаларчу аэропортехь.
Москва гIалин кхело дIахецна Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча хилла Цицулаев Рамзан, хаам бо pravda.com сайто. Иза лаьцнера Украинин кхерамазаллин сервисо 2017-чу шарахь. Оццу шарахь ГIадужу-баттахь Цицулаев дIавелира Оьрсийчоьне. Талламхойн версица, 2014-чу шарахь бизнесхо Закриев Iела лачкъа а вина, цуьнгара 100 миллион сом даккха гIиртинчу тобанца хилла вара иза. 2014-чу шеран ГIуран-баттахь федералан лехамашка веллера Цицулаев. ТIаьхьо, Оьрсийчохь и стаг цахилар къаьстича, дуьненаюкъарчу лехамашка велира иза. Читать дальше...