Немцойн Бундестагехь дуьххьара нохчийн депутат яьлла, яздо "Грозный-информ" газетано. 29 шо долу Бах (Бахаева) Бела Германерчу социал-демократийн партийн (СДПГ) векал ю. Германехь йина ю Бах Бела. 1990-чу шарахь деана цуьнан да а, нана а Нохчийчуьра Германи. Юриспруденци Iамош яра Бах Мюнхенехь, шозза гIоьртинера иза Бундестаге кхача. Эххар а, кху шеран Чиллан-батттахь аьтто бели цуьнан шен Iалашо кхочушъян.
Дуьненан экс-чемпионо Мэйвезер Флойда хаамбина, UFC-н латархочуьнца Нурмагомедов Хьабибца а, промоушенан шина дивизионехь чемпион хиллачу Макгрегор Конорца а цхьана дийнахь тасавала кийча ву ша аьлла. sports.ru хьостано бина и хаам. "Ас хьалхо а дIахьединера Хьабибца а, Конорца а цхьана дийнахь лата реза ву со аьлла. Хьабибца дийнахь летар ву со, ткъа Конорца тасалур ву суьйранна. 250 доллар охьа а диллина, шина а латаре хьовса таро хир ю шун" - аьлла Мейвезера.
Iамеркан Wall Street Journal хьостана еллачу интервьюхь Чехин премьер-министро Бабиш Андрейс ша ца кхета аьлла, шен пачхьалкхан цIе йоккхучу заманчохь Czechia стенна яздо. "Суна ца тов ишта. Чехин Республика ю хIара. Хууш вац со, ишта лартIахь доцуш и дош яздан хьанна дагадеана", - аьлла цо, дахначу шарахь ша еллачу, кху деношкахь Wall Street Journal гIирсо зорбане яьккхинчу интервьюхь, яздо Radio Prague International оьрсийн маттахь долчу хьостано. Бабишна хетарехь, кхечу пачхьалкхийн бахархошна... Читать дальше...
ХIирийчохь йогучу машенчуьра ши стаг хьалаваьккхина Нохчийчуьрчу Султаев Сайд-Мохьмада. Журналисташка дIахьедина цо, шена кхераме дуй а хаьара шена, амма бохамехь нахана тIехIотта веза бохуш, кхиийна ша тIех ца валавелира аьлла, язло Регион online хьостано. "Йогуш КамАз гира суна, чохь ши стаг а волуш: машенан урхалла дийриг а, цуьнца пассажир а. Цу чуьра аравала атто бацара цушиннан. Ас кIелхьарваьккхира и шиъ, дерриг а дика дIадирзира", - аьлла Султаевс. ТIаьхьо социалан машанашкахь видео яржийра, бохам хиллачу меттигара. Читать дальше...
Кху беттан 6-чохь журналистна Милашина Еленина а, адвокатна Дубровина Маринина а тIелатар динчу Соьлжа-гIаларчу "Континент" отелерчу камераша дIаязйина видео ца ехна Нохчийчуьрчу полицино. Милашинас ша бина и хаам "Новая газетан" сайтехь. Цо дийцарехь, отелехь хIоттийна ерриг а 27 камера ю, царех кхааммо дIаяздо холл чохь дерг. Цигахь дина ду тIелатар а. Шайна тIелатар динчул тIаьхьа журналисто мониторан сурт даьккхина хилла, йоллу камераш болх беш хилла цу сарахь. ТIелатар динчу меттиге баьхкинчу полисхоша... Читать дальше...