Мы в Telegram
Добавить новость

Выступление сводного хора проекта «Московское долголетие» пройдет в Музее Победы

SHOT: в Подмосковье подросток угрожает расправой однокласснице и ее семье

Бизнес-омбудсмен Подмосковья помог получить студии статус соцпредприятия

В Котельниках эвакуировано более 100 машин из-за неправильной парковки с февраля



World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Февраль
2020

Новости за 24.02.2020

Radiomarsho.com 

"Мерседес" а, "Лада" а вовшахкхетта Нохчийчохь, цхьа стаг велла

«Мерседесах» кхеттачу «Лада Приорин" 30 шо долу да велла Теркйистерчу некъахьовзамехь, хаамбина оршоьтадийнахь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу пресс-гIоьнчалло. «Приори» чохь хилла пассажир а (иза зуда ю), «Мерседес» лелош хилла 25 шо долу Неврера вахархо а лазийна. Полицино бахарехь, веллачу машенлелорхочо, шен йоцчу некъан асанна тIе а ваьлла, эккхийтина хьовзам. ЧIуьлга-Юьртара Лакха-Невре воьдуш хилла иза. ДIаваьлла бохам хиллачохь.

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалахь вайна Алиев Ниллан схьалахар доьху цуьнан нанас

Дербентан яхархо Казимова Наргиз цхьалха пикет лаьцна лаьттира оршоьтадийнахь шайн гIалахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане Соьлжа-ГIала вахча вайна шен воI схьалахар доьхуш, хаамбо  "Черновик" газето. "Кавказ.Реалиино" яздина ма-хиллара, Нохчийчохь лохуш ву кхо дербентхо: 30 шо долу Алиев Ниллан, 35 шо долу Мустафаев Сеидайдин, 62 долу Аскеров Хьаьким. Уьш кху беттан 9-чу дийнахь Дербентера цхьана машенахь арабевлла («Лада Калина", ноьмарш – 594). Машен лелош хилла Аскеров. ТIаьххьара... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (24.02.2020)

Чечанарчу Алиев Вахин Соьлжа-ГIалара урам, Сталинна неIалт ала нах гулбира Кадыровс, Висаитовн кIошт, Коронавирус къаръярхьама (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Некъа тIехь иккхинчу девнехь стаг вийна ХIирийчохь

Къилбаседа ХIирийчохь, Алагиран кIоштарчу некъаца кIиранан буса герзаш а детташ, даьллачу девнехь вийна 36 шо долу машенлелорхо. Меттигерчу полицин хьасто "Кавказ.Реалиига" бинчу хаамца шина машенан да а, церан пассажираш а бу некъа тIехь иккхина цатам луьстуш вовшахлеттарш. Стаг верна бехкевеш лаьцна 28 шо долу мехкан вахархо.

Radiomarsho.com 

Вайнахе кадам ца бина Кавказерчу куьйгалхойх цхьамма бен

ГIалгIай а, нохчий а Сталина махкахбаьхна 76 шо кхачарца доьзна кадамбина Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида. Амма иза цхьаъ бен вац Кавказерчу куьйгалхойх и тайпа гIулч яьккхинарг.   "Депортацин ирчачу 13 шера чохь беллачийн гергарчаьрга кадамбан лаьа суна. Кхарачой-Чергазийчуьра а баьхна нах махках – кхарачой. Цундела тхан махканна евза оцу бохаман къаьхьалла. Бухбоцчу доьналло, синош онда хиларо, даймахке безам бовха хиларо ницкъ белла адамашна дийна диса а, мотт, синбахам, гIиллакхаш Iалашдан а»... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Гацаев СаьIид. Къонахашка

Гацаев СаьIид КЪОНАХАШКА Къонахий, къонахий, Стогалла ма йохка, Къонахий, къонахий, Цхьаъ хила Іай, аьхка. Цхьаъ хила дорцехь а, Хьоькхучу мохехь а, Шаьш цІаро марцахь а, Харцоно лацахь а. Цхьаъ хила безамехь, Цхьаъ хила тешамехь, Цхьаъ хила хьовзамехь, Цхьаъ хила эшамехь. Цхьаъ хила къовсамехь, Цхьаъ хила ловзарехь, Вайн нохчийн хІусамехь Оьзда гуо хьовзорехь. Цхьаъ хила Іовжамехь, Буьрсачу инзарехь. Стогалла яц рожехь, Стогалла – шен зилехь. Къонахий, къонахий, Стогаллех ма доха! Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Гацаев СаьIид. Юха а...

Гацаев СаьIид Юха а… Юха а гуьйре ю, Юха а шеллуш ю, Юха а мархашкахь ГIаргIулеш йоьлхуш ю. Юха а хан-зама Ца соьцуш, йоьдуш ю, Юха а вайн корехь Буьйсанаш йоьлуш ю. Йоьлуш ю мохаца, ДогIанца тийжаш ю, Хорам беш легашкахь, Вайн дагна Iийжаш ю. Юха а, Iа доьлла, Сийна дарц ловзур ду, Iаннашкахь къематде Хьаннашна хезар ду. Юха а бIаьстено Де серладоккхур ду, Шен хаза зов-иллеш Мохь тоьхнна декор ду.

Radiomarsho.com 

Гацаев СаьIид. Бутт дIатийна...

Гацаев СаьIид *** Бутт дIатийна, гIийла техкаш, Хьаннийн сенчу аганахь. Ма хазло-кха, Iуьйре хьекъаш, Дуьне – Iалам Веданахь! ДIогахь ховха зIаьнарш лиэта Стиглийн цIечу пхьуьйшара – Белабелла, малх схьакхета Гуьмсан дукъан кIажара. Кхолу тхишца аьрцнаш тIера, Сийна зов ду Iаннашкахь. Яьржа эшарш нуьре, шера Кора хьалха бошмашкахь. Кхевда лаьмнаш, кертахь дитташ Сирла, цIенчу ойлане. Хета дерриг тIараш детташ, Кхаьчна хазчу дикане. Бутт дIатийна, гIийла техкаш, Хьаннийн сенчу аганахь! Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Гацаев СаьIид. Ненера кехат

Гацаев СаьIид Ненера кехат Сан ма чIогIа сагатделла хьуна. ХIун деш ву хьо? Муха веха, Iа? Велавелла хьо дIавахчахьана, Летта догу кийрахь шийла Iа… Арахь бIаьсте ша кIежтуьйсуш лаьтта, Заза даьржа сенчу бацала. Хьо цIахь волуш дара суна атта, Цхьа а тайпа гIайгIа яцара. УьйтIахь Iежаш, Хьоьга хьуьйсуш санна, Наггахь таьIна гIийла хетало. Шайца мерза Iийнарг веза царна, Мохехь лестий, сарахь тохало. ХIинццалц эццахь Хьо Iавалар тамаш, ЧIогIа тамаш хета массарна. Дуьне дезна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Гацаев СаьIид. Цхьаъ велош йогIу хьо...

Гацаев СаьIид *** Цхьаъ велош йогIу хьо, Цхьаъ велхош йогIу хьо, Цхьаъ велош гIур ю хьо, Цхьаъ велхош гIур ю хьо, Там, цатам – шиъэ а ТIебахьаш йогIу, Там, цатам – шиъэ а ТIебахьаш гIур ю. Мел дукха еза хьо Кийрарчу дагна Цу Iаьнан шелонехь Хьан малхах хьегна, Цу Iаьнан дорцалахь Баце сатийсина, ХIинццалац эцаза Марзонаш йиссина. Маржа яI, бIаьсте, хьо Мел хаза йогIу, Маржа яI, бIаьсте, хьо Мел хаза йоьду, Кийрара дог доьлуш Мел хаза йогIу, Кийрара дог доьлуш Мел хаза йоьду. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Гацаев СаьIид. Iуьйре

Гацаев СаьIид Iуьйре БIаьсте кхечи, – хезий хьуна? – БIаьсте кхечи сийна схьа, Зевне йоьлуш, – хезий хьуна? Зазахь яьржаш кхаьчна схьа. Зезаг доьлу сенчу бай тIехь, Лестош хьоьга ховха куьг, Хезий хьуна, сенчу бай тIехь. Хьайга лестош ховха куьг? Кхуро тоьлла эшарш лоькхуш, Самукъадаьлла техка балл. Хезий хьуна, эшарш лоькхуш, Самукъадаьлла техка балл? ХIаваъ, сийна бIаьргаш санна, Бешахь хьоькху мерза хIо. Хезий хьуна, хIаваъ сийна, Бешахь мерза хьоькху хIо? Iалам лепа зевне ... Читать дальше...




Radiomarsho.com 

Гацаев СаьIид. Хьо хене дIаваха...

Гацаев СаьIид *** Хьо хене дIаваха, Къаналла тIееа, ТIаккха а – маржа яI! ТIелаца ца лаьа. Мел жима вара хьо, Мел хаза вара хьо, Дуьненан ирсан да Хьо хеташ вара хьо. Сатийсарх юха ян Жималла ца хуьлу, Ирс дайна виссинчун Кхин ирс а ца хуьлу. Мел жима вара хьо, Мел хаза вара хьо, Хьайн дийнах воккхавеш Дог доьлуш вара хьо. ДIаяьлла жима хан Туьйранах тера ю, Юх-юха Iехаван, Дагаян тIера ю, Мел жима вара хьо, Мел хаза вара хьо, Къанвала, тишвала Дог мичахь дара хьан. ХIинца хьан са леста Генарчу цу шаре... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Гацаев СаьIид. Хьо, сан мерза нана

Гацаев СаьIид *** Хьо, сан мерза нана, Хьо, сан деган шовкъ, Хьо дIаюллуш кхана, Маса хир сан шо? Хьо йолуш ма лийли, – Бен а доцуш со! Дуьне чIогIа ловзий, Ловзий барам сов. Хан хьан тергалйора Оцу леларехь?! Со сайн къона гора Къаьхьчу хелхарехь. ХIинца со дIакхечи И сайн йист ца ган, Ца ган тIемаш хьечийн, Ца ган хьаьжкIийн кан. Буьйса шеллуш йогIур Цу вайн хIусаме. Кор-неI хьан тIечIогIур? Дог хьан хьоьстур те? …Нана, мерза нана, Маса ду сан шо?!

Radiomarsho.com 

150 стаг велла тIаьххьару 24 сахьтехь коронавирусах

Китайхь яьржинчу коронавирусах кху тIаьххьарчу дийнахь-буса велла  150 стаг. Ткъа и ун даьржичхьана беллачийн терахь ду 2500 а сов. Верриг а уьно лаьцна хилларг ву 77 эзар стаг. Цамгарх товелла 25 эзар гергга, уьш берраш а санна Китайрба бахархой бу. Оцу хьокъехь оршоьтадийнахь хаам баржийна Китайн могашаллин Кхеташоно. Ткъа верриг а дуьнентIехь короновирусах цомгушхилларг ву 79 эзар стаг. Царех доккхах дакъа китайхой бу, царел тIаьхьа - японхой, корейхой, италхой. 100 сов стагна кхетта ун Италехь, кхоъ царех велла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Австрерчу Нохчийн Нанойн Юкъаралло дагалецира вайнах махкахбахар

Нохчий а, гIалгIай а даймахкара бохийна де дагалоцуш барам хIоттийра Венехь Австрерчу Нохчийн Нанойн Юкъаралло. Пачхьалкхан шахьарара а гонахарчу гIаланашкара а баьхкина нохчий, гIалгIай боцуш, Венерчу цхьацца хьукматийн куьйгалхой а, Европерчу мехкашкара кхайкхина хьеший а бара цигахь.

Radiomarsho.com 

Висаитов Мавладан цIе тилла тарло Соьлжа-ГIаларчу цхьана кIоштанна

Старопромыслан кIоштанна Советан Пачхьалкхан Турпалхочун Висаитов Мовладан цIе тилла еза аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.   Шен Telegram-каналехь цо ишта яздо оцу хьокъехь: «Заветы Ильича» урамна Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIеман турпалхочун Алиев Вахин цIе туьллучу барамехь ас дехна Старопромыслан кIоштанна Висаитов Мовладан цIе тиллар». Висаитов говаьлла турпалхо ву, Соьлжа-ГIалахь цуьнан цIе кIоштанна тиллар товр ду Нохчийчоьнан а, Оьрийчоьнан а бахархошна, аьлла хета Кадыровна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къам махкахдаккхар дагалоцу гулам байтина Кадыровс тIаьххьарчу 8 шера чохь дуьххьара

Сталинан омрица нохчий махках баьхна 76 шо дузар гуламца билгалдаьккхина Соьлжа-ГIалахь. Оцу бараман башхалла ю кху тIаьххьарчу 8 шера чохь иза дуьххьара хIоттийна хилар. Депортаци яр Чиллан-беттан 23-гIа дийнахь билгалдаккха дихкира нохчашна Кадыров Рамзана. И къоман тезетан де шен да Кадыров Ахьмад дIавоьллинчу Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне дIатеттира цо. Омра дохийна волчу юкъархочуьнга Кутаев Руслане, цо вайнах махкахбахарх лаьцна конференци хIоттийча, лаца а лаьцна, наркотикаш лелийна аьлла, набахти такхийтира. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

«Тхан цIахь бисина етт а боьхкина, тIаьхьа ахча даийтира тхуна»

Нах, буц а юууш, цунах бестий, лечу заманахь, ЗаркиевгIарна, церан цIахь бисина етт а боьхкина, ахча даийтира гергарчу наха – суьйлаша. Уггаре халачу хенах баьккхира доьзал оцу ахчано. 10 шо бен дацара Заркиев Ахьмадан иза Казахстанехь балха воьдуш. Ткъа 14 шо кхаьчча, когана дIовш а даьлла, астагI висира иза даиманенна.

Radiomarsho.com 

"Махкахбаьхначийн иллеш". Венехь нохчаша дагалецира депортацехь кхелхинарш

Материалан автор Мамсуров Аслан, "Кавказ.Реалии" "Махкахбаьхначийн иллеш" – ишта цIе йолуш дагалецамийн суьйре дIаяьхьира Венехь, Австрехь бехачу нанойн Юкъаралло вовшахтоьхна йолу. Нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш махках даьхначу денна леринчу барамехь дакъалоцуш вара 150 сов стаг. Венехь беха нохчий боцурш а, меттигера бахархой а, кеп-кепарчу пачхьалкхан хьукматийн векалш а цхьана баьхкинера суьйрене. Маршалла хоттуш, дош аьллачу гIалин гуламан депутато, бакъонашларъярхочо Флорианшутц Петера билгалдаьккхира... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Алиев Вахин цIе тиллина Соьлжа-ГIаларчу «Заветы Ильича» урамна

Дуьнанан ШолгIачу тIеман турпалхочун Алиев Вахин цIе лелор ю шех хIинццалц «Заветы Ильича» («Ильичан косташ») олуш хиллачу Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран урамо. И сацам кхайкхийна шенна леринчу барамехь. Ураман цIе а хуьйцуш, нохчийн къам Чиллан-беттан 23-чу дийнахь Сталинан Iедало махкахдаккхар дагалаца баьхкинчаралахь бара Алиев Вахин гергара нах а, иза схьаваьллачу Чечанара бахархой а, мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, хаамбо «Нохчийчоь тахана» ("Чечня сегодня") агенталло. Хьалхо Кадыровс хьахийра... Читать дальше...


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

«Школу профориентации для родителей» запустили в Подмосковье

Тренировку сборной по кикбоксингу провели в Долгопрудном

8 мая: какой сегодня праздник, что было в этот день

Ева Меркачёва и Екатерина Гордон поручились за журналистку Кеворкову

Музыкальные новости

Вадим Арутюнов и его книга «Записки странствующего армянина»

5 фактов, которые необходимо знать о СЭЙН и Wimmortal и их релизе «Старик и воля».

28 инвестиционных проектов Туризм.РФ перешли в активную фазу реализации

Экс-футболист Деменко: в матче "Зенита" и ЦСКА в Кубке нет фаворита

Новости России

Жителей Подмосковья предупредили об активизации клещей

Пентагон: США не видят признаков того, что Россия применит ядерное оружие

Тренировку сборной по кикбоксингу провели в Долгопрудном

"Мир квартир": новостройки подешевели в трети крупнейших городов РФ

Экология в России и мире

Ozon и Wildberries впервые вошли в мировой рейтинг маркетплейсов

Композитор Классической музыки Сергей Брановицкий представляет произведения классической музыки.

Российский турист напился и улегся спать на карнизе второго этажа музея, шокировав прохожих

Концерт ко Дню Победы проведут в Культурном центре «Интеграция» на Лазо

Спорт в России и мире

Рублев не отстал от «Реала»! Как русская звезда тенниса покорила Мадрид

Соболенко уступила Свентек в финале турнира WTA-1000 в Мадриде

Павлюченкова и Потапова не смогли выйти в финал турнира WTA в Мадриде в парном разряде

Свентек переиграла Соболенко и выиграла титул WTA в Мадриде

Moscow.media

Беспроводной сканер штрих-кодов Heroje S-H29W

Комфорт в каждой детали: игровые кресла GC-780 и GC-840 от Bloody

Nubes (НУБЕС) предоставил облако для TravelTech-платформы «Погнали!»

СТОЛИЧНЫЕ РОСГВАРДЕЙЦЫ ОБЕСПЕЧИЛИ БЕЗОПАСНОСТЬ МЕРОПРИЯТИЙ, ПОСВЯЩЁННЫХ ПАСХЕ ХРИСТОВОЙ











Топ новостей на этот час

Rss.plus






Суд рассмотрит дело в отношении мошенника, отобравшего дом в Истре у знакомой

Нигматуллин назвал двух игроков, которые его удивили в РПЛ

«Школу профориентации для родителей» запустили в Подмосковье

Нетипичный ритейл: какие инновационные изменения произошли в секторе за последние 5 лет