Тутмакха Дадаев Заура шен суьрташ интернетехь даржор талла долийна
Шашлыкаш, кеп-кепара стоьмаш, мутташ хIиттийначу стоьла гонах бу 2018-чу шарахь зорбане даьхначу суьрташ тIехь тутмакхаш.
Талламхой тIекхиа дагахь бу, хьан, стенгахь даьхна суьрташ, интернете бовла аьтто а муха хилла церан. Низамашкахь тутмакхийн бакъо ю боху ФСИН-ан белхахоша, колонин дозан тIехь йолчу кафе чохь хIума кхалла а, вина де, я цхьа кхи деза де цу чохь даздан а.
Маршо Радионо яздира кхааридийнахь, политик Немцов Борис верна, набахтехь таIзар токхучу "Север" батальонан хиллачу хьалханчан Дадаев Зауран мобилан зIе а, интернете волийла а долчух тера ду аьлла, хаамбо "Муниципальный сканнер" хьостано аьлла. "ВКонтактерчу" цхьахйолчу аккаунтехь 2018-чу шеран Товбеца-беттан 3-чохь шен суьрташ зорбане даьхна хилла цо.
Оппозиционер Немцов Борис верна, набахтехь таIзар токхучу "Север" батальонан хиллачу хьалханчан Дадаев Зауран мобилан зIе а, интернете волийла а долчух тера ду аьлла, хаамбо "Муниципальный сканнер" хьосто. "ВКонтактерчу" цхьахйолчу аккаунтехь 2018-чу шеран Товбеца-беттан 3-чохь шен суьрташ зорбане даьхна цо.
2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь Москвахь тапча тоьхна вийра Немцов Борис. Оцу зуламна бехкебина Нохчийчуьра бахархой Бахаев Хьамзат а, Дадаев Заур а, Эскерханов Темирлан а, ГубашевгIеран ши ваша Шадид а, Анзор а хенаш токхуш бу колонешкахь. 11 шарера 20 шаре кхаччалц хенаш йиттина царна.