Дагестанера а, Нохчийчуьра а дукха нах бу дIаоьхуш
Росстатан зерашца, стохка Дечкен-баттара Лахьан-батте кхаччалц йолчу юкъанна Дагестане баха схьакхелхина 43 эзар гергга стаг, ткъа республикера араваьлла 49 эзар.
Къилба ХIирийчу юхавеана 10 эзар гергга стаг, ткъа цу регионера кхечу мехкашка дIавахана 13 эзар вахархо.
Нохчийчуьра араваьлла 17, 5 эзар вахархо, ткъа ваха веана 16 эзар.
Дуьххьара дац Къилбаседа Кавказан бахархойн терахь лахлуш гойтуш хилар.