Добавить новость
World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Декабрь
2018

Новости за 18.12.2018

Radiomarsho.com 

"Зудаберашна, зударшна, пене а хIиттабой, еттара"

Севрюгин Игорь                                                                                              "Карара Хан"  (Настоящее время") Политикан тутмакхаш лаьттинчу Муртазалиевас а, Навальныйс а – набахтешкарчу дахарх лаьцна 14 сахьтехь, лай санна, вацош, сийсазвеш, етташ – иштта дуьйцу тутмакхера хьал. Кху заманахь хIора набахтехь бу, официало бахарехь, болх а, алапа а. Билггал хIун до лецначара набахтехь, муха беха, мел тоьа цигахь делла алапа? Оцу хьокъехь дийцира "Севрюгин Игорца суьйренаш"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шен могушалла эшна, цIе ца йоккху лазар кхеттачух тера а ду аьлла, кехат даржийна Клыха

Оьрсийчоьнан набахтехь латточу Украинерчу политикан тутмакхо Клых Станислава кехат даийтина шегарчу чолхечу хьолах хоуьйтуш. Хетарехь, цIе ца йоккху лазар хьакхаделла шех аьлла цо. Фейсбукерчу шен пена тIехь Iорадаьккхина цуьнгара деана кехат оьрсийн жигархочо Рябикова Марияс. "Шегахь вон хьал ду боху цо, меженаш яхкалучух тера ду, шеконаш ю шен боху цо цIе ца йоккху цамгар а шех кхеттачух", - хаамбо Рябиковас. Клыхна шегарчу хьолах даржо лаьа, Керлачу шеран юьххьехь ша кхечу тутмакхашца хуьйцур ву аьлла дегайовхо а ю цуьнан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Европан кхело юха а дуьхьало йина Муртазалиева Зараъна

2004-чу шарахь террорхойн тIелатар дан кечам беш яра аьлла, бехке а йина, бархI шой ах шой хан набатехь яьккхинчу Муртазалиева Зараа Оьрсийчохь шен довхаттар нийсонца хилла дац аьлла, чуеллачу искна юха а тIе ца тайна Европерчу адамийн бакъонийн кхел (ЕСПЧ). Дуьххьара арз дара иза ЕСПЧ-но жоп а ца делла, Муртазалиеван дехарца Йоккхачу Палатано юхалиста тIелаьцначех. Оьрсийчоьнан кхелаша Европан конвенцин низамаш дохийна меттиг ца го шайна аьлла, жоп делла кхелахоша. Оьрсийчохь шена тIехь йинчу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Боск-Лякуран совгIат дина Францехь нохчийн кIантана

Францин Тулузерчу Жань-Альфанан школехь доьшучу Джамалханов Жабраилна кху шеран дуьххьара Боск-Лякуран совгIатдина. 500 евро лур ду дешархочунна. Дешарца а, леларца а кхиамца чекхдевллачу берашна дIасадоькъу и преми. ТIедогIучу керлачу дешаран шарахь доьзале кхи а тIехдика кечам байтархьама гIоьнна луш а лору и ахча. Тулузан мэри юкъахь а йолуш, хIоттийна церемони дIаяьхьира гIалин тоьллачу Капитолиян гIишло чохь. "Ас болх бечу юкъанна суна гина дац Жабраил санна маса дешарна тIекхуьу бер. Дукха хан яц иза Нохчийчуьра схьавеана... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къаьмнашна депортаци яр къобалдечарна гIуданаш деттар ду

Репрессеш лайначу къаьмнийн реабилитаци ярна дуьхьалоярца агитаци а, пропаганда а ярна 3 эзарна тIера 50 эзар соьме кхаччалц гIуда тохар хьехна Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочун гIовса Бальбек Руслана. Russia Today агенталло бина и хаам, "Единая Россия" партин экспертан кхеташоне дийцаредан чуделлачу кехатийн копеш шайн редакцин карахь хилар билгалдоккхуш. Депутато Бальбека дийцарехь, цу кепара низам юкъадаккха оьшу,  цхьадолчу зорбанаша а, интернетехь а жигараллица яржош видеороликаш а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Митингашка кхиазхой ийзор доьхкуш ду пачхьалкхан Думас

Iедалца дага а ца буьйлуш хIитточу протестан акцешка кхиазхой ийзочарна жоьпалла тIедожош низаман проект листина пачхьалкхан Думано 3-чу ладегIаршкахь. Кегийрхой юкъа а балош, митингаш вовшахтучарна 50 эзар соьме кхаччалц гIуда тухур ду, я 15 де а, буьйса а чохь доккхуьйтур ду. Навальный Алексейс вовшахтоьхначу антикоррупцин митингехь кхиазхоша дакъалаьцначул тIаьхьа Думе кховдийра цу кепара низаман проект. Цуьнан авторша чIагIдо, оцу бехкамаша могушаллина зен дечух Iалашбийр бу кхийзхой бохуш.

Radiomarsho.com 

Титиев Аюбна тIехIоьттина Гребенщиков Борис

Amnesty International организацица юкъаметтигаш лелочу оьрсийн иллиалархочо Гребенщиков Бориса дIахьедина, Нохчийчохь кхел ечу Титиев Аюбна ша гIо лоцуш хиларх. Бакъонашларъяран "Мемориал" центро бина и хаам шинаридийнахь. Маршо Радионо яздира шен агIонашкахь, наркотикаш лелош хилла аьлла, бехке а вина, Дечкен-баттахь дуьйнна чохь латточу Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьгалхочух Титиев Аюбах лаьцна. Титиевс шена дохку бехкаш тIе ца дуьту, наркотикаш полисхоша шена тесна ю боху цо. "Мемориало" зорбане даьккхина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Эскарехь 4 теракт юкъахдаккхарх хааамбина ФСБ-но

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша тIаьххьарчу пхеа шерачохь эскархошна дуьхьал хьажийна диъ теракт юкъахдаьккхина. ТАСС агенталле бина и хаам оьрсийн тIеман иччархойн департаментан куьйгалхочо, инарла-полковнико Юрьев Николайс. Ишта оцу муьрехь ФСБ-но юхатоьхна 6 терроран зулам, дIалецна экстремистийн а, террорхойн а тобанаш а. Юрьевс билгалдаккхарехь, бакъо йоцуш лелош хилла 2 эзар сов герз а, тIеман гIирс а баьккхина бахархошкара. Кху беттан юккъерчу дийнахь къайлахчу сервисийн куьйгалхочо Бортников Александра хааме даьккхира... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нах байинчу машенца Кадыровн шича хиллийла хаьа Нохчийчоьнна

Кадыровга куьг-бехке волчу шен шичина таIзар цадар доьху некъан хьовзамехь бийначу доьзалан хьалханчаша Кху беттан 4-чу дийнахь Соьлжа-ГIаличу боьдучу новкъахь (Ханкальская урам), инзаре ирчачу хьовзамо хIаллакбира къона доьзал. Жигули хьаьшна, тIеттIаяхийтира тIекхеттачу Мерседесо. Зуда а, цуьнан кхо шо долу йоI а (полицин хаамехь – ши шо долу) елира эццахь, ткъа де-буьйса юкъадоьлча дIавелира доьзалан да а. Кхуьй а дIадоьллина Гуьмсан кIоштарчу Жалкхехь. Мерседес лелош хилларг вевзира наханна ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Доза доцу репортераш": 2018-чу шарахь дуьненчохь 80 журналист вийна

Карара шо доладелчхьана дуьненчохь мел лахара а 80 журналист вийна, церан профессионалан декхарш бахьана долуш. Шинаридийнахь дуьненаюкъарчу "Доза доцу репортераш" бакъонашларъяран организацино Iорадаьккхина царех тептар. ОвIанистанехь вийна 15, Шемахь 11, Мексикехь 9, Йеменехь 8, ХIиндойчохь 6. Бакъонашларъярхоша билгалдаккхарехь, тIеман конфликт йоцчу Мексикехь алсам бу байина журналисташ. ТIемаш лаьттачу зонашкахь 2018-чу шеран  11 баттахь вийнарг ву  44 журналист. Цул совнах, дуьненчуьра 348 журналист ву карарчу хенахь лаьцна латтош. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь некъан бохамехь велла 1 стаг, лазийна 10

Махкарчу зорбанаша бечу хаамашца, тIаьххьарчу цхьана дийнахь хиллачу некъан хьовзамашкахь цхьа стаг велла, иттанна чевнаш йина. "Кавказ" федералан некъа тIехь вовшахкхетта "ВАЗ-21074" а, "Хендай Солярис" машен а. "ВАЗ-21074" автомобилан урахалла дийриг велла оцу сохьта. Цхьана хилла 2 пассажир а, вукху машенан долахо а, цуьнца чохь хилларш а дарбан цIийне кхачийна. Оццу хенахь Гермчигахь вовшахкхетта "ВАЗ-2114" а, "ВАЗ-2170" а машенаш. 4 стаг дарбан цIийне кхачийна лазаршца оца машенаш чохь хилла. Читать дальше...




Radiomarsho.com 

ВКонтактехь экстремизме артиклаш зорбане яьхна аьлла, таIзаре хIоттийна Нохчийчуьра ши вахархо

ВКонтактерчу социалан машанехь экстремистийн материалаш зорбане яхарна кхеле хIоттийна Нохчийчуьра ши вахархо прокуратурано. Къайлахчу сервисийн белхахой тIеIиттабелла экстремизме а лерина, федералан тептаре яьхначу артиклашна социалан машанехь мониторинг ечу хенахь. Административан жоьпалла дожийна шина вахархочунна тIе аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталле прокуратуран векало. Оьрсийчоьнан бехктакхаман Кодексан 20.29 артикло 1 эзарна тIера кхаа эзар соьме кхаччалц гIуда кхачадо цу кепарчу зуламна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь яйначу шина йишин гIуллакх юха таллар тIедожийна церан гергарчара

Нохчийчохь яйначу шина йишин гергарчара церан гIуллакх таллар карладаккха аьлла, тIедожийна. Куьршаларчу Айдамирова Элитас дийцина, 2013-чу шарахь шен ши йиша ярах. Цо бахарехь, гIуллакх таллар масийттазза юкъахдаьккхира, ткъа гергарчарна кхерамаш тийсинера. "Кавказан узел" агенталлан хаамашца, АйдамировгIеран ши йиша яйра, хIинца а къастанза долчу бахьанашца Куьршалан кIоштарчу Гелдганахь 2013-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 9-чохь. 23 шо долу Зарган а, 25 шо долу Сацита а болх беш хиллера цхьаннан доларчу машенаш юьлучу меттигехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Москох дIалецна хилла гIалгIайн студенташ маьршабаьхна

Оршотдийнахь дIалецна хилла Москохарчу пачхьалхкан Орджоникидзен цIарахчу университетан ГIалгIайчуьра студенташ. 40 вацара дIавигнарг, 20 гIалгIайн дешархо вара, уьш берш маьрша а баьхна аьлла, бакъдина Москохарчу хьакъйолчу структураша. Маршо Радионо яздира, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Орджоникидзе Сергон цIарахчу университетан 400 студент дIалацарх Росгвардин эскархоша. Къилбаседа Кавказерчу бахархоша "шайн низамаш" хIиттийна хиллера доьшийлан юкъарIойлехь аьлла URA.RU хьостано Iорабаьккхинера и хаам. Читать дальше...


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus