Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Декабрь
2018

Новости за 22.12.2018

Radiomarsho.com 

Евкуров: Росгвардино вийна Хашагульгов тIемало вацара

Кху беттан 12-чохь ницкъахоша вийначу шиннах цхьаъ тIемалошца уьйрашкахь хилла вац аьлла, дIакхайкхийна ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, шоьтадийнахь хиллачу пресс-конференцехь. "Соьга кхачийначу информацица, церан Iалашо хилла Ханиев лаца, дуьхьало а ца еш, карадуьйла аьлла хиллера цаьрга. Ханиевс граната кхоьсина хилла. Цу заманчохь цигахь Хашагульгов Муслим муха нисвелла хууш дац. Иза я тIемало а вацара, цхьана а тептаре язвина а вацара, полисхойн бIаьрг тIехIоьтиина а ца хиллера, цигахь иза муха нисвелла, къастош ду. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Путина совгIатдина Делимханов Адамна

Оьрсийчоьнан Думан депутатна Делимханов Адамна совгIатдина пачхьалкхан президенто Путин Владимира: баркаллин кехат. Нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада бина и хаам. Цо дийцарехь, цуьнан "хьомсарчу ВЕШИНА" баркалла аьлла "пачхьалкхалла чIагIъярехь мехала гIо лацарна а, парламент кхиорна а, низамаш юкъадахарехь жигаралла гайтарна а". Изза совгIат кхачийна кхечу депутатна - Саралиев Шамсаилна а. Оьрсийчоьнна пайден хиларехь аьтто а беш, совгIаташ деллачу шина депутатца "ВКонтактерчу" шен пена тIе йина селфи оьллина Даудовс.

Radiomarsho.com 

Москохара омра кхаччалц ша дарж дуьтур дац аьлла Евкуровс

Москохара омра ма кхеччи мехкан куьйгалхочун дарж дуьтур ду ша аьлла, дIахьедина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Махкахой лаам бара аьлла дIаволийа дац шен аьлла, тIе а тухуш. "Со урхалле хIоттийна ах шо даьлчхьана схьахезаш ду суна хIара хабарш. Со болх беш ву, бийр болуш а ву. Пачхьалкхан президенто тоьар ду алахь, гIант мукъадоккхур ду ас. Бакъду, тIеIаткъам барца доьзна хир дац иза, соьца лелорийг шантаж ю, я и нийса а дац", -аьлла Евкуровс шоьтадийнахь Магасехь шен хиллачу пресс-конференцехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнца дозанаш къастор доьдучу шеран уггар а мехала хилам бу аьлла Евкуровс

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна Евкуров Юнус-Бекна хетарехь, доьдучу шарахь уггар а мехалчех хилам бу Нохчийчоьнца дозанаш къастор. Карарчу баттахь Оьрсийчоьнан Конституцин кхело низамашкахь лерира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхоша административан дозанаш билгалдохуш, тIэцна сацам. "ДIадоьдучу шеран уггар а коьрта хилам бу иза, со тешна ву хIинццалц дуьхьал хиллачех дуккхахберш кхетта хир бу аьлла. Хан мел йолу кхетар бу кхин а дукххаъ а берш", - аьлла Евкуровс шоьтадийнахь хIоттийначу пресс-конференцехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кху шарахь уггар а аьтто хиллачу а, зенаш лайначу а бизнесхойн тептар хIоттийна Forbes журнало

Доьдучу шарахь уггар дика аьтто хиллачийн а, зенаш хиллачийн а тептар Iорадаьккхина Eorbes журнало. Аьтто хиллачийн могIарехь ву Amazon кхоьллина Безо Джефф. Кху шарахь 28 миллиард долларш тIекхетарца, 127 миллиард долларш вовшахкхетта цуьнан.  ШолгIачу меттехь ву японхойн Uniqlo бренд юкъаяьккхина Янаи Тадаси. ВорхI миллиард долларшкахь ю цунна хилла са.  Рейтинган кхолгIа могIа дIалоцу мехкадаьттан "Лукойл" компанин президенто, Оьрсийчуьра вахархочо Алекперов Вагита. 19, 5 миллиард гергга долларшкахь пайда хилла цунна карарчу шарахь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шемахь дан лерина тIелатар дIатеттина Туркойчоьно

Туркойн эскарш Къилба Шемахь тIелатарх бина сацам дIатеттина аьлла, дIахьедина Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа. Цо бахарехь, Iамеркан президентца Трамп Доналдца ишта бартхилла цуьнан. Цхьана ханна тIеман операци дIататтарх, мацца а дIахьур ю иза бохург дац аьлла, билгалдаьккхина туркойн лидеро. Цо бахарехь, тIелатаран Iалашо ю - цу регионерчу тобано латтон "террорхойн кхерам" дIабаккхар. Кху беттан 12-чохь Туркойчоьнан президенто дIакхайкхира кеста Шемана тIелата дагахь ду шаьш аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ЕГЭ дIаяларан низамашкахь бина хийцамаш бовзийтина дешаран министралло

Оьрсийчоьнан дешаран министраллан а, Iилманна а, дешарна а тIехь терго латточу федералан урхаллан а омраца пачхьалкхан доьшийлашкахь экзамен (ЕГЭ) дIаяларан низамаш тIечIагIдина. Экзамен дIахьонйолчу чоьнашчохь видеокамераш хIиттор ю, цаьрца аьтто хир бу информацин - телекоммуникацин "Интернет" машанехь экзаменийн трансляци ян аьлла, билгалдаьккхина министралло. ЕГЭ-н организаторо терго латтон еза экзамен йоьдучу юкъанна дешархо классчуьра араволучу заман а, цо цигахь яьккхинчу хенан а. Ишта тидам бан беза... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Адвокат: Москох кавказхой дIалоьцуш полисхоша харцонаш лелийна

Къилбаседа Кавказан мехкашкара 100 сов вахархо Москох дIалоцучу юкъанна полисхой бакъо йоцуш чулилхина уьш бехачу хIусаме, оьшучунна лоьрийн гIо а ца кхачийна аьлла адвокато Окушко Татьянас. Кхелера, я талламхочуьнгара хIусамах хьовса кехатан бакъо хила езара церан карахь аьлла кхечу адвокато Пашков Максима а. Маршо Радионо хааме даьккхира кху беттан 19-чохь сатосучу заманчохь Москохарчу цхьана юкъарIойле а баьхкина, полисхоша цу чуьра Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а бахархой дIабигарх. Читать дальше...


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus