Добавить новость
World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Декабрь
2018

Новости за 30.12.2018

Radiomarsho.com 

Лукашенкос диъ гали картолаш а, дума а бахьийтина Путинна

Беларусин президенто Лукашенко Александара шен бешахь кхиийна 4 гали картолаш а, ткъа иштта дума а бахьийтина Путин Владимирна керлачу шарца декъал веш.   Цунах лаьцна хаам бина Лукашенкон зорбанан секретаро Эйсмонт Натальяс. Цо дийцарехь, юьйцурш ю тоьлла дикалла йолу картолаш.  ХIора гали чохь ша-тайпа картолаш ю, тайп-тайпана кхача кечбеш лелор Iалашонца кхиийна йолу. Йозуш йоцучу Пачхьалкхаийн ДоттагIаллана (СНГ) юкъахь йолчу кхечу пачхьалкхийн лидершна Лукашенкос совгӀатна яхьийтина куьйга йина базан диттана тIеухку ловзо хӀуманаш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

2018-чу шарахь 344 стаг кIелхьарваьккхина Нохчийчуьрчу цIеяйархоша

2018-чу шарахь 386-зза цIе яьлла меттиг нисйелла Нохчийчохь. Цу бохамашкахь цIеяйархойн аьтто баьлла 344 стаг кIелхьарваккха. Динчу зен барам бу 96 миллион сом. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан орцаллан министраллан Нохчийчуьрчу коьртачу урхаллан хьаькамо Яхьяев Руслана, яздо "Нохчийчоь тахана" сайто. Уггаре дукха цIе яьлла меттигаш нисбелла адамаш дехачу хIусамашкахь. ЦIе яларан коьрта бахьанаш ду Нохчийчохь лар ца луш цIе лелор а, газ ягон пеш оьшучу кепехь ца лелор а, тоькан гIирс галбалар а.

Radiomarsho.com 

Беркема охьадоьжна Улан-Удэхь

Бурятин коьртачу гIалан Улан-Удэн йистехь ГIуран-беттан 30-чу Iуьйранна охьадоьжна беркема. Велла цу тIехь хилла 4 стаг. Цхьаболчу хаамашца, царах цхьаъ ву цу кеманан долахо, Бурятехь вевзаш волу совдегар Рогов Сергей. Транспортан прокуратуро чIагIдарехь, беркема доьхна охьахууш Улан-Удэн йистехь Iуьллучу Лакхара Березовка эвлахь. Цхьана версица, иза дохаран бахьана чолхе хенахIоттаман хьелаш хилар ду. Сибирь.Реалиино яздарехь, беркема охьадоьжна садоIучу базан кертахь. Охьакхеттачул тIаьхьа цунах цIе летта.

Radiomarsho.com 

Керлаш Шо ло доцуш даздийр ду Соьлж-ГIалахь

ГIуран-беттан 31-гIа де йочанаш йоцуш догIур ду Соьлж-ГIалахь а, цунна гонаха йолчу кIошташкахь а. ХенахIоттаман говзанчаша бинчу хаамца, Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь 31-хь дийнахь +1, -1 градус температура хир ю. Буьйсанна хIаваъ шел лур ду - 4 градусе кхаччалц. Де кхоьлина хир ду, наггахь стигал жимма серла а долуш.   Кхин дукха хийцабелла хир бац хенахIоттам 2019-чу шеран 1-чу дийнахь.


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus