Добавить новость
World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Декабрь
2018

Новости за 25.12.2018

Radiomarsho.com 

Вон цамгаро хьийзочу Дагестанерчу кIантана гIо дийр ду Кадыровн фондо

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша гIо дийр ду аьлла дIахьедар дина вон цамгаро хьийзош волчу Дагестанерчу кIантана. Цунна дарба дан оьшуш долу ахча лур ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондо, хаам бина Нохчийчоьнан хьалханчо шен социалан машанерчу агIона тIехь. Ахьмад цIе йолчу кIанта дехар динера луларчу республикан куьйгалхочуьнга. ЦIе ца йоккху цамгар ю шена  кхетта ткъа ХIинжа-ГIаларчу лоьраша дарба ца дон шена аьлла, дийцинера цо. И аудиокхайкхам кхечира социалан машанашка. Цу кIанте ладуьйгIира эзарнаш наха... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Элдин Микаил. ГIан

Элдин Микаил ГIан Анайист… Дуьненан анайист… Дахаран йист… Лаьттера тIуналла ца кхочучу орамийн дитт дакъало, цунах цкъа хьалха IиндагI хуьлу, тIаккха чан… Лаьтто стиглане салам луш кховдийначу ломан буьххьехь, мохо чкъор цоьстучу кху тIулгийн шийлачу дуьненахь, хьайн кхолламан йисттехь, мел хиллачунна, хиндолчунна дуьхьалвирзина соьца къамеле вуьйлу хьо. Махьшарехь, мизан-терзанна хьалха санна, хьайн деган терзанна хьалха а хIоттийна соьга бартхаттам бо ахь. Ткъа ас-м сайн боцчу бехканна, хьан деган лаамийн а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Элдин Микаил. Гуьйренан мукъам

Элдин Микаил Гуьйренан мукъам Буьйса…Беттаса… Гуьйре…Беттасин даточу боданехь техкаш, набаро Iехийна Латта ирсечу гIенаша хьоьсту. КIайчу тIулгийн пиллигаш тIехь тулгIенаш-пIелгаш ловзадеш жимчу шовдано балочу гIайгIанечу мукъаме ладоьгIуш лаьмнаша шайн ойланаш йо. Ткъа гуьйре… Гуьйрено Iаламах болчу шен хьегамах лаьцна, шийлачу Iаьнан кIайчу марчонах лаьцна, шен йист йоцчу лазамах, сингаттамах лаьцна дагардуьйцу ойланечу Батте. Цуьнан дашо чIабанаш шен даточу пIелгашца кхалош, ловзош, Батто леррина ладоьгIу гуьйренан шабаршка. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Миллион доллар даьккхина ша лотарей эцна хилар дицдинчу Iамеркахочо  

ЦIеххьана миллион доллар даьккхина Iамеркерчу Мичиган штатерчу вахархочо Делюк Питера, хаам бо upi.com сайто. 51 шо долчу цу стагана дицделла хилла ша лотарейн билет эцар. Ши бутт хан яьлча машена чохь ларамаза карийна хилла цунна иза. Забаренна санна кхаж баьллий хьажа вахана Делюк. Лотарейга хьаьжначу йохкархочо аьлла, шегахь дIадала оццул дукха ахча дац аьлла. Лотарейна тIехь долчу терахьаша гойтуш хилла кхаж балар. Цу кепара Делюка даьккхина цу лотарейхь ловзош хилла дерриг а ахча – 1 миллион доллар.

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказера католикаш а даздеш бу Ӏийса пайхамар вина де

Ӏийса пайхамар вина де даздеш бу Къилбаседа Кавказехь бехаш болу католикаш а. Католикийн килсаш ю цу регионехь кхаа республикехь, Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIебартойн-Балкхаройчохь а, Ставрополан махкахь а. Шинарин сарахь (ГIура-беттан 24-чохь) цигахь Iийса пайхамар вина де тIекхочуш Даллана коьрта гIуллакх дар дIадаьхьира мозгIарша. Къилбаседа Кавказерчу католикийн килсашка оьхурш бу коьртачу декъана немцой а, полякаш а, литовцаш а, эрмалой а, кхинберш а.

Radiomarsho.com 

Украинин Iедалшка юха а тховкIело ехна Оьрсийчоьно дIавоьхучу Бакаевс

Нохчийчуьрчу 26 шо долчу вахархочо Бакаев Iелас юха а тховкIело ехна Украинин Iедалшка, яздо Кавказ.Реалиино. "Борисполь" Киеверчу аэропортехь дозанхоша сацийнера Бакаев стохка. Цунна бехке дуьллуш ду Росгвардин эскархошна тIелатар дар.  2017-чу шеран бIаьста Ноьвр-кIоштарчу Росгвардин декъанна тIелатар динера Нохчийчоьнан ялх вахархочо. Оцу тасадаларшкахь 6 эскархо вийнера, кхаанна чевнаш йира. ТIелатар динарш берриш а байинера. Ницкъаллийн структурийн белхахойн версица, хIетахь Оьрсийчоьнал... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Цуьнан бIаьргашчохь хиш дара"

ГIорочуьра испанхо кIелхьарваьккхина Магаданехь бехачу Чемурзиев Вахас а, Муцольгов Мовсара а, Хабриев Аслана а

Radiomarsho.com 

Нохчийчу депортаци

Нохчийчоьнан Iедална критика ярца, блогеро Iорайоху махкахь лело харцонаш.Ткъа хIунда лаьа иза Оьрсийчу дIахьажо?

Radiomarsho.com 

Трамп леррина хьажа-хӀотта Туркойчу кхайкхина ЭрдохIана

Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа 2019-чу шарахь леррина хьажа-хӀотта шайн махка кхайкхина Iамеркан президент Трамп Доналд. Цунах лаьцна хаам бина КIайн ЦIийно. КIиранан дийнахь Iамеркан президенто хаам бинера, туркойн президентца ша дийцаре дина хиларх лаьцна "сиха ца луш а, вовшашца уьйраш йолуш а" Шемара Iамеркан эскарш арадахар. Трампа дийцарехь, цо иштта ЭрдохIанца дийцаре дина тIаьхьарчу хенахь шина пачхьалкхан юкъаметтигаш галйевллачул тIаьхьа юха а Iамеркана а, Туркойчоьнна а юкъахь махлелор жигардаккхар.

Radiomarsho.com 

Радан депутато телеэфирехь Iасанца тIелатар дина политологна

NewsOne телеканалан эфирехь "оьрсийн пропагандист" ву аьлла политологна Семченко Александрна тIелатар дина Украинин Лаккхарчу Радан депутато Мосийчук Игора. Политолог къамел деш волуш Мосийчука бехке вина иза Оьрсийчоьнна болх беш хиларна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан ахчанах болх беш хиларна а.  Семченкос жоп луш аьлла депутат "коьртана дика вац", иза Раде муха кхаьчна кхеташ вац ша аьлла, шена тIевеана дупутат дIа а тоттуш. Цул тIаьхьа Мосийчука Iасанца тIелатар дина политологна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Тайп-тайпана проекташ кхочуш ян 180 миллиард сом лур ду Нохчийчоьнна

Нохчийчохь 5 шаранна лерина тайп-тайпана проекташ кхочуш ян 180 миллиард сом лур ду Оьрсийчоьнан федералан бюджетера. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан Iедало тIеэцна ю 49 проект. 2024 шо тIекхачале уьш кхочуш еш дайа деза ду 190 миллиард сом. Цу ахчанан доккхаха долу дакъа - 180 миллиард сом доуьйтур ду федералан бюджетера. ГIуран-беттан 24-чохь Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс шен Iедалан декъашхой декхарелахь бинера хIара шо чекхдалале ерриг а регионашкара проекташ тIечIагIъян. Читать дальше...





Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus