Шен могушалла эшна, цIе ца йоккху лазар кхеттачух тера а ду аьлла, кехат даржийна Клыха
"Шегахь вон хьал ду боху цо, меженаш яхкалучух тера ду, шеконаш ю шен боху цо цIе ца йоккху цамгар а шех кхеттачух", - хаамбо Рябиковас.
Клыхна шегарчу хьолах даржо лаьа, Керлачу шеран юьххьехь ша кхечу тутмакхашца хуьйцур ву аьлла дегайовхо а ю цуьнан, жигархочо дийцарехь. Юха а мацалла кхайкхо дагахь ву Клых.
Ишта яздо тутмакхо, Челябинскерчу дарбан цIийне ша дехьавоккхуш хиларх а.
Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело 2016-чу шарахь 22, 5 шой набахтехь даккха кхайкхийра украинхочунна Клых Станиславна. Стохка гурахь дуьйнна психиатрин дарбан хIусамехь латтош вара иза Магнитогорскехь.
Иза бехкево, Нохчийчохь тIемаш барна а, оьрсийн эскархой байарна а.