Боск-Лякуран совгIат дина Францехь нохчийн кIантана
Тулузан мэри юкъахь а йолуш, хIоттийна церемони дIаяьхьира гIалин тоьллачу Капитолиян гIишло чохь.
"Ас болх бечу юкъанна суна гина дац Жабраил санна маса дешарна тIекхуьу бер. Дукха хан яц иза Нохчийчуьра схьавеана, францхойн маттахь деша а, яздан а Iемира иза. Ткъа масех баттахь дуккха а гена ваьлла воьду иза мотт бийцарехь. Шо доладеллачу заманчохь еша а ца хаьра цунна, амма масех кIира даьллачул тIаьхьа баккхий кхиамаш гайтира цо шен хааршца", - аьлла Контиваль Гиййома.
Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа архитектор хила лаам бу Жабраилан. Къилба Тулузерчу дешаран министраллан инспектор а, меттигерчу парламентан депутаташ а баьхкинера Джамалханов декъалван.