Европан кхело юха а дуьхьало йина Муртазалиева Зараъна
Оьрсийчохь шена тIехь йинчу кхелехь хилла цхьа могIа кхачамбацаршна тIе тидам а бохуьйтуш, Страсбургерчу кхеле латкъам бинера Муртазалиевас масех шо хьалха. 2017-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Европерчу кхело юхатеттира и латкъам. Бахьана – кхелахойх дукхахболчарна Муртазалиеван бакъонаш оьрсийн кхело йохийна аьлла ца хетар.
Латкъамхочун адвоката Коротеев Кирилла кху шеран Чиллан-баттахь Европерчу кхелан Йоккхачу палате керла арз хьажийнера юха талла.