Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, Украина Оьрсийчоьнах йа Нохчийчоьнах схьатухуш "хаттаран йист яккха" кийча ву ша аьлла. Къилбаседа Кавказерчу регионан куьйгалхочо дина оцу кепара дIахьедар Соьлжа-ГIалахь йоьдучу пресс-конференцехь, яздо Новости агенталло.
"Украина вайн пачхьалкхех схьатоха езаш ю, и вайн территори ю", - аьлла Кадыровс, нагахь санна, оцу хаттарх йист яккхар шена тIедиллинехь, ша тоххара дерзийна хир дара аьлла, тIе а тухуш. Цо бахарехь, новкъарло йо цунна "пачхьалкхашна юкъарчу берташа". Читать дальше...