Ши бутт хьалха, Ниццехь къепедацарш лаьттачу муьрехь, меттигерчу мэра Кристиан Эстрозис наркодиллерш бу, элира, оцу гIалахь беха нохчий. Оцу къамело ша сийсазйо аьлла хетачу нохчийн диаспоро а, къаьмнашна лер харц хетачу Францерчу цхьацца юкъараллаша а кхеле велла мэр.
Нохчийчуьрчу мухIажирашна тховкIело цаяларна Польша бехкейина Европан кхело; «Кадыровн полкан» буьйранчас мукIарло дина Украинехь а, Къилба ХIирийчохь а шен бIаьхочо тIемаш бина хиларх; Экзаменаш а йоцуш, массо а абитуриент деша дIаэцна Абхазин университето
ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 7 дархо велла, цамгар лаьцна кхин а 359 стага. Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Ставропол-махкарчу дарбан хIусамашкахь дIаваьлла кхо унхо, Краснодар-махкахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – шишша. Юьхьанца схьа COVID-19 цамгарх велларг ву регионехь 975 вахархо. ТIаьххьарчу дийнан а, ерриг а хенан а терахьаш: Ставропол-мохк + 110 (7880) Краснодар-мохк+ 95 (7975) Дагестан + 40 (9143) Адыгей + 38 (2642)... Читать дальше...
Кадыровн цIарах йолчу лерринчу гIуллакхийн полкан куьйгалхочо Чамаев Замида, шен куьйга кIел волу эпсар винчу денца декъалвеш, хаийтина иза Украинехь а, Къилба ХIирийчохь а, Либехь а, Шемахь а хиллийла. Иза Чамаевс довзийтина ша Инстаграме хIоттийначу постехь. Арсен цIе йолу подполковник ву цо вовзуьйтуш (редакцин аьтто ца белира эпсарх дерг алссам хаа). Чамаевга комментареш язъечара хоьтту, стенгара евлла «Арсенна» шен некха тIехь кхозу мидалш, орденаш – уьш пачхьалкхашкахь лаьттачу конфликташкахь дакъалацарна елла цунна, жоп ло Чамаевс. Читать дальше...
Факультеташка документаш чу мел делла кегийнах мехах деша дIаэцна Абхазин университето. Иштта деша хIоьттина цига кхушара 688 стаг. Шен сацам боьзна ректорато махкахь эшна лаьттачу эпидемин хьолаца. Абитуренташ, дIаелла экзаменаш а йоцуш, студентийн могIара баьхна «ун ца даржийтархьама» аьлла довзийтина цо бахьаница. Бакъду, хIиттийра университето кегийрхошна экзаменаш, амма дIаэцна уьш массо а, жамIаш а ца лоьруш. Делахь а экзаменехь даьхна баллаш тидаме оьцур ду, хьалхара семестр дIаелча санна ... Читать дальше...
Полисхоша а, къайлахчу сервисийн белхахоша а цхьана ха а деш, дIавоьллира нохчийн политикан эмигрант Умаров Мамихан дIадахначу шинарин дийнахь. Иза вовза вуьйлира Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а, гонна а маьттазчу маттаца критика еш ютубехь блог йиллинчул тIаьхьа. Ша йохучу роликаш тIехь Венера Анзор ву олура цо, оцу псевдонимца вевзара иза махкахошна а. Дагадоуьйту, Анзор вийра карарчу беттан 4-чу дийнахь, коьртах герз диттина. Зуламна бехке хеташ шеконашца оццу... Читать дальше...
Кадыров: Нохчийчохь хIора а ву Американ санкцех хьаьгна; Венерчу Анзоран нанас а, йишас а иза бохаме кхачийнарг цуьнан зуда ю аьлла; Краснодарехь 3 гуламхо лаьцна Хабаровскерчу протестхошкахьа хиларна
Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бехкейина Польшин дозанхойн политика – цара Нохчийчуьра уьду нах Беларусин дозанах чекх цабийлийтар. 2017-чу шарахь шайга кхерамзалла йоьху нохчий Беларусе юхахьежорца Польшерчу дозанхоша дохийна Европан адамийн бакъонийн конвенцин масех декъера низам, боху Страсбурган сацамо. 13 нохчочо Польшина дуьхьал юкъахь чуделла кхо арз ду теллинарг. Оьрсийчу шаьш юхахьовсийча, шайн дахар кхерамна кIел нислушшехь, маситтаза дехарх, шаьш дозанах чекх ца довлийтира, боху аьрзнаш динчара. Читать дальше...