Чемпион СССР по футболу Аркадий Николаев умер в 87 лет в Москве

Суд удовлетворил заявление Минпромторга к Х5 о приостановке корпоративных прав

Обручальное кольцо Баскова ювелир оценил в стоимость московской однушки

Красноярск вошел в топ городов с вкусной шаурмой

World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Венерчу Анзорах йиссина Зарема: "Сан декхар дара – цуьнца хила а, цунна тIаьхьахIотта а"

Венерчу Анзорах йиссина Зарема:

Полисхоша а, къайлахчу сервисийн белхахоша а цхьана ха а деш, дIавоьллира нохчийн политикан эмигрант Умаров Мамихан дIадахначу шинарин дийнахь. Иза вовза вуьйлира Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а, гонна а маьттазчу маттаца критика еш ютубехь блог йиллинчул тIаьхьа. Ша йохучу роликаш тIехь Венера Анзор ву олура цо, оцу псевдонимца вевзара иза махкахошна а.

Дагадоуьйту, Анзор вийра карарчу беттан 4-чу дийнахь, коьртах герз диттина. Зуламна бехке хеташ шеконашца оццу суьйранна лецира Нохчийчуьра схьаваьлла ши вахархо. Ткъа Умаровн гергарчара видеокхайкхам бина, шаьш ду иза вейтинарш аьлла. Австрин полицино дIахьедина, ролик немцойн матте гочйина, иза а толлуш ду шаьш аьлла.

Умаровн хьокъехь таллам боьдучу юкъанна Кавказ.Реалиис къамел дира вийначун хIусамненаца Заремица. Цо дийцира Анзоран дахарх а, шегарчу шеконех а, доьзална тийсинчу кхерамех а.

- Зарема, маца, хIунда сацам бира Анзора Оьрсийчуьура дIаваха?

- 2005-чу шарахь дара иза. Ичкерин заманчохь талламчан болх беш хилла ву иза. Ичкерин зама дIаяьлла, Iедалан куьйгалле кадыровхой баьхкира. Анзор лачкъийна вигина, цунна тIехь ницкъбина, етташ, Iазапаш лелийнера цара. Цул тIаьхьа веддера иза. Веддера, Ичкерин хенахь белхаш мел бинарш тIеийзош, бойъуш дIабуьйлабелча. Оцу хенахь дуьйна ма бара уьш шайна хеттарг деш цигахь.

2007-чу шарахь Анзорна политикан эмигрантан статус елира. Кхузаь девзина, доьзал кхоьллира охашиммо. Кхузахь дуьненчу девлла тхан бераш а.

2009-чу шарахь Австрехь вийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун хилла гIаролхо Исраилов Iумар а, Анзоран ваша а, ши нуц а. Цул тIаьхьа оцу сингаттамо Iаткъам бинера цунна. Австрин къайлахчу сервисашца болх бан волавелира иза, Нохчийчохь лелочу харцонех а, нах байъарх а, хIаллакбан тептаре баьхначу нахах а дIахоуьйтуш царна.

ХIетахь, кхузахь бехачу нохчаша диллина дийца даьккхира, Анзор мотт бетташ ву бохуш. Чу-ара яла йиш яцара сан, хьан цIийнда мотт беттарг ву бохуш, хьийзайора со. Ас латкъамаш бора Анзоре, со наха хьийзайо, иштта Iийна девр дац вай олий. Цо олура соьга, цхьана хазачу дийнахь хуар ду хьуна, ас хIун ледао а, стенна леладо а.

Оцу беркате доцчу 2009-чу шарахь тхоьгара бераш а дIадехира. Доьзалхошна кхерам бу, бераш лардан деза оха, царна оьшшург латта а деш аьлла. Юха а гонахчу наха иркархIиттайора со, Iедале кехат чуло, Анзор шайна кхераме ву, суна а, доьзална а бала бохьу цо, иза чуволийта бохуш.

Хан-зама дIайоьдура, социалан хьукматашца цханакхетарш, къийсарш, дийцарш хуьлура тхан, адваокташ а лоьцуш, бераш цIа дерзо хьийзара тхо. Тхо берийн проблемаш йовдийна лелачу юкъанна нохчаша полицига аьрзнаш а дина, иза чуволлийтира шина шарна.

- ХIун даьллера цуьнгра?

- Цхьа тоба яра Анзора вовшахтоьхна 12 стаг гергга юкъахь а волуш. Уьш берриш а Кадыровна дуьхьал бара. И тоба кхолларан Iалашо яра - Кадыровна дуьхьал болх бан, цо лело инзаре хIуманаш Iорадаха Iалашонца. Дунай олучу хийистехь цхьана дийнахь иккхина дов листа гулбеллера уьш. Суна мичара хаьрий цунах?

Анзоран Iедал дара нах тхан чу балош. Уьш бехха Iара кухни чохь къамелаш деш. Со цхьаннах а ца тешара, даим а цхьа шеконаш хуьлура сан, тIаккха ас диктофон ийцира. ХIоразза а уьш вовшахкхетча, аса диктофон хIоттайора, цара мел дуьйцург дIаяздан. Денисенко Елена юй, цо лачкъийра хьуна сан диктофон. Иза еана дIаяхначул тIаьхьа, суна айса дIаюьллучохь кара ца йира иза.

Кавказ.Реалии: Украинан Лаккхарчу Радан экс-депутато Мосийчук Игора хьалхо чIагIдора, Умаровн хIусамнене Украинерчу яхархочо Денисенко Еленас телефонаш йиттинера, массарна а дIа а хоуьйтуш, Анзорах дIакъаста бохуш. Мосийчука бахарехь, Денисенкос аьлла хиллера, нагахь санна, хьайга бохург ахь ца дахь, хьо а, хьан бераш а дайъа дагахь бу. Ткъа, ша украинхойн-нохчийн доттагIаллин юкъараллан куьйгалхо ю бохучу Денисенкос, бакъ ца дора, ша Iаткъам бина бохург.

Дунайн йистехь Анзора вовшахтоьхна тоба дIасаяьржира. Оцу хийистехь девнаш къесто даим а гуллора Кадыровн агIончаш а. цуьнан дуьхьалончаш а. Цу дийнахь барт ца хиллера церан. Анзор кхийтира, шена гонах болу нах тешаме боцийла а, цара хIуъа а дан там буйла а. Цара вохка а тарлора иза, цунна ямартбовла а тарлора уьш. Цул тIаьхьа царех дIахедира иза. ТIаккха масийтта стага арз динера цунна, криминалаца воьзна ву иза бохуш. Цу тIехула ши шо хан туьйхира цунна набахтехь яккха.

- Денисенко мичара елира шун дахарехь?

- Цхбана стага йовзийтира тхуна Елена, оцу стеган цIе Ваха хилар бен, кхин суна вевзаш стаг вац иза. Еххачу заманчохь Украинехь ваьхна хиллера иза. Цигахь Денисенко а евзина хиллера-кх цунна. Цо ялайора иза. Анзор чуволлале хьалха дуьйна а йогIура иза. КIира доккхуш, цкъацкъа бутт боккхуш а нислора цо кхузахь. ФСБ-ца йоьзан ю иза, цуьнгара шуна цхьа гIо хила тарло аьллера Вахас.

Ас Анзор набахтехь а ву, цунна депорт яр а ду дуьйцуш, шега аьлча, оцу сохьта Вене еара иза. Соьца цхьа хан яьккхира цо, набахтехь волчу Анзорна тIаьхьа а йогIура соьца. Эххар а дIаяхара иза, амма кест-кеста соьца зIене юьйлура. Цхьанаюкъахь цхьа цатешам иккхира сан дагчу, шеконаш гIуьттура сан коьртехь, тIаккха блок туьйхира ас цунна, сайца зIене ца йийлийта. Юха а телеграман мессенджере язйира цо соьга, тхан доьзална кхерамаш бу туьйсуш аьлла.Цо бахарехь, цхьаммо тхо дайъа кхайкхийна хилла-кх. Ас телефон дIатуьйхира цуьнга, оцу заманчохь цхьана а агIор аьтто бацара сан тхайн къамел дIаяздан. Еленас лечкъа а ца деш, схьабохура, со а, Анзор а, тхан боллу доьзал хIаллакбан Iалашо ю аьлла.

- Цуьнга стенгара кхаьчнера и информаци? Хьенан цIераш йохура цо билггал?

- Нохчийчуьрчу нахаца зIе хилла шен бохура, Курмакаев Iаьрбин цIе а йохура цо. Тхо дойъург мел ахча кхайкхийна а хаьара Еленина. Цо, хьийза а ца деш, ма-дарра дуйцура соьга, цхьаннах а ийза а ца луш. Ткъа, тIаьхьо Анзорца кхечу кепехь дора къамел. Шега дечу хеттаршна жоьпаш ца луш, цхьаннен а цIераш ца йохура. Аса Австри кхайкхира иза, паргIат охьа а хевшина, къамел дан дагахь. Иза дуьхьал хилира. "Кхул а тIаьхьа километар а шуна герга йогIур яц со", - аьлла дара цуьнан жоп. Суна хаьара, ахча дукха дезаш стаг яра иза. Ахчан дуьхьа хIуъа а дан кийча стаг яра иза.

- Денисенко Нохчийчохь хиллий?

- Иза-м ца хаьа суна. Амма, бакъду, Украинехь кадыровхойх еттаелла иза. Ша со кегайо а моьттуш, къамелаш дора цо соьга, ткъа со хуьлура иза охкуш. Масала, цо соьга дийцира, ша кадыровхошца цхьанакхетарх. ХIун, мила ду хьожуш, талла яханера ша элира соьга. Кадыровхоша чIогIа дика лелийра ша а бохура. ТIаьхьо Анзоре аьллера, ша хилла яц цаьрца.

Тхойшиннан къамелехь Еленас Делимханов (Пачхьалкхан думан депутат, Кадыровн уллора стаг Делимханов Адам- редакцин билгалдаккхар) ву элира, Анзор вен кхайкхийнарг. Анзор вийначунна ахча лург иза ву бохура цо. Схьагарехь, Елена а оцу гIуллакхна юкъахь хилла-кх, тхуна тIехь са яккха дагахь.

- Дуьххьара Анзорна кхерам маца тесира?

- Ютубехь блог а йиллина, дуьхььарлера шен видео цо нахала яьккхича.

- Цхьана ролик тIехь Анзора дуьйцу, шен коьртах хIоккхул-оццул ахча ду диллина бохуш. Билгал шена кхерам буйла хууш хилла-кх цунна, хIетте а, хIунда вара иза Австрин полицига ша Iалашвайта дуьхьал?

- ХIетахь, шена кхерамаш тесча, суна а, берашна а ха хIоттийнера цо. Ас дехарш дора цуьнга, хьо дIасавоьдуш хьайна а ха лацахьара ахь олий. Ша Дела воцчух цхьаннах а кхоьруш вац бохуш, дуьхьал хуьлура иза. Делахь, со а ца кхоьру, тхуна а ца оьшу гIаролхой олура ас. Масийттазза полицига дехарш дира ас, цунна шенна ха дахьара аша, цунна чу-ара вала кхерам бу бохуш. ХIоразза а суна жоп лора: Анзоран куьйг ца таIийча, тхан бакъо яц цунна тIаьхьадевлла лела олий.

- Европехь а къайлаволийла доцийла кхеташ яра хьо. Анзор набахтера араваьлча, цхьана агIор иза сацон, цуьнца къамел дан гIоьртирий хьо?

- Ма дукха юхаийзавора аса иза. Стохка, иза набахтера араваьлча, цуьнца къамел дан гIоьртира со. Ас олура, хьо цхьаъ ву, царна дуьхьал хьан дан хIумма а дац. Хьо чохь воллучу шина шерачохь дерриг а сайн белшаш тIехь дIатекхийна ас, хьо араваьлча, сайна накъост а, берашна да а хир ву-кх моьттуш. Ас дехарш дора цуьнга, дитахьара ахь и дерриг а бохуш. Ша хаьржина и некъ, цунах вер вац ша олура цо. Ютуб-блог а йиллина, иза волавелча, юха а цуьнца къамеле юьйлура со, дехарш деш. Хьо цара вуьйр ву, хьо саннарш цара ца буьту, сацахьара хьо бохуш, хьийзара со. "Нагахь санна, хьо зуда елахь - суна тIаьхьа хIотта, яцахь – ахь боххург дийр ду ас", - элира соьга Анзора. Сан цIийнда вара иза, сан берийн да а вара. Сан декхар дара – цуьнца хила а, цунна тIаьхьа хIотта а

- Маса ду шен бер:

- Ялх бер ду. Воккхаволчу кIентан 16 шо ду, йоьIан – 14, кхин а ши кIант ву 12 а, 11 а шераш долуш. Жимахйолчу шина йоьIана 8 а, 6 а шераш ду.

Воккахволу кIант ас дуьххьара маре яхначохь вина ву. Цуьнан да а кадыровхоша 18 шо хьалха вигинчул тIаьхьа, тIепаза вайна ву. Сан кIентан ши шой, кхо буттий бара Анзора со маре юьгучу хенахь. Шен доьзалхо волуш санна хьалакхиина иза Анзора.

Йоккахйолу йоI тхоьгара дIаяьккхина, Мюнхенерчу доьзалхо ца хьулучу цхьана хIусамехь кхобуш ю. Ши кIант Австрехь бехачу доьзале велла ву. 2009-чу шарахь Исраилов Iумар вийначул тIаьхьа дIадаьхна тхоьгара бераш. ХIетахь дуьйна тхешан йоI ган аьтто хилла бац тхан. ХIокху хIоьттинчу хьолехь бераш шуьца дуьтийла яц, царна кхерам бу элира тхоьга Iедалхоша. Воккхахволу кIант юхаверзон таро хилира тхан адвокаташкахула. Тахана соьца тхан кхо бер ду. Анзор дIавуллучу дийнахь чIогIа дехарш дира аса Iедалхошка, тIаьххьара шайн дега бIаьргтоха бераш далахдахьара аш аьлла. "Берийн психикана Iаткъам бан ца лаьа", - дара жоп. Иштта, шен доьзалан бала а эцна, дIаваха-кх Анзор!

- Муха ловр цо, шен бераш кхечу наха хьалакхиош хилар?

- Кест-кеста со чуяьлча, цуьнан бIаьргаш чохь хиш хаалора суна. ЧIогIа хала дара цунна, шен бераш нахехь хилар. Иза гIиртира уьш цIа дерзон, амма цуьнан ницкъ ца тоьира. ХIокху пачхьалкхехь низамаш чIогIа лардо. Тхан аьтто ца хилира цу тIехь. Ши кIант мукъна а тхайна гойтуш хиларх даккхий а деш, Iара тхо.

- Зарема, Анзора Iедална еш хилла критика бахьана долуш, даймахкара я хьан доьзал а, я Анзоран наха а хьийзаборий?

- Анзор массарех а дIахаьддера. Дехойх а, ненахойх а цхьана. Шен ненаца а яцара цуьнан, ур-атталла, уьйр. Иза ца езарна, ца эшарна дацара иза. Цунна чIога дукха езара шен нана. Иза цаьрга хьийза ца яйта, цуьнан коча уьш ца эхийта долара ваьллер-кх иза.

Ткъа Анзоран дехойн цуьнца цкъа а бала ца хиллера. Цхьана хенахь, цуьнгара болучу пайден дуьхьа лелийра гергарлонаш, цул тIаьхьа, тIаьххьарчу 12 шерачохь цкъа а телефон тоьхна, къамел хилла дац церан вовшашца. Анзоран гергарчу нахах цхьаберш Кадыроан Iедалехь белхаш беш бу. Цундела царех цхьаннах а тешаш вацара Анзор, я царна герга воьдуш а вацара.

- Иштта маьттаза, провокаци еш, къамелаш хIунда дора Анзора? Цуьнан риторика сийсазен, томехь йоцуш стенна яра?

- Цунах лаьцна ала дара сан. Анзор дIавуллучу дийнахь дуьххьара интервью еллера ас, ютубехь цу бухахь дуккхаъчу нехан комментареш яра. Цхьаммо бехк баьккхира Анзорера, нехан зударийн сийна тIекхевдинера иза аьлла. Кхузахь цхьа хIума нисдан луур дара суна. Цкъа а Анзор зудчун сийна тIе кхевдар волуш вацара. Цкъа а шен багара хийра нах болчахь оьзда доцу дош долуьйтур долуш вацара иза. Кхузахь хан йоккхучу заманчохь, ларам бара цуьнан зударшца, шега далучу кеппара гIо а дина, тIаьххьараниг а дIалур йолуш, комаьрша а вара.

Юьхьанца Анзоран сий тIе кадыровхой бу кхевдинарш. Анзоран ваша а вийна, цуьнан нана Iедалхоша кIозарш а лаьцна, дIасатекхочу хенахь, цара лебина цуьнга оьзда боцу мотт. Шен нанан тIе цара куьйгаш дахьар Iаламат халонга даьллера Анзорна. Даймахкахь церан чу а лилхина, маре а дахазчу шина зудебере, Анзоран йижаршка, маьттаза, товш доцу къамелаш динера цара. Кхерамаш а туьйсуш, шаьш и дийр дуй, хIара дийр ду бохуш. Анзора кадыровхошка буьйцург церан, уьш бен кхетар боцу мотт бара. Шен хIусамехь цара шайна бийца магийтина болу мотт. Цхьана стага, мел гIад дайначо а, могуьйтур дацара цу тайпа хIума. И Iаткъам ла а ца белла, бага яьстира Анзора.

- ХIинца боллу шун доьзалан дола ду деш. Австрин Iедало шаьш тесна дуьтур дац аьлла, царех дегайовхо юй хьан?

- Яц. Анзор вийначу дийнахь дуьйна синтем байна сан. ХIаъ, тхо лардеш ду, шаьш уллохь доцуш тхоьга цхьанхьа а ког ца боккхуьйту, делахь а, доьзална къаьсттина сагатдо ас. Суна хаьа, и нах ямартах а, тешнабехках а буьзна буйла. Церан куьйгаш деха дуй а хиина суна, делахь а, дерриг а Делан карахь ду.

СапаргIат яра со Анзор волуш, со тешна яра, тхо маьрша а, паргIат а хиларх. ХIаъ, тховкIело а елла тхуна, гIаролхой а хIиттийна, амма суна ца хаьа меллалц тхо цара дIатекхор ду. Суна ца хаьа. Дерриг а дика хир ду аьлла, тешам бац сан.

- Шен ютубехь Анзора элир-кх, уггар а хьалха, Австрин Iедалхошка претензеш ю шен аьлла. ХIун ала гIертара-те иза?

-Иза кхеташ вацара, Исраилов вер цара муха чекхдалийтина. Царна хаьара киллерш чубаьхкиний а, тIекхохка а белла Iаш кхерам буйла а. Амма цара кIад а ца дира, зулам юхатохархьама. ТIаьххьалц оцу тIехь бехкаш дохкура Анзора Австрин Iедална. Иштта-м сан а бу кхаьргара баккха бехк: сан хIусамда стенна ца Iалашвина цара? Вахьа а ваьхьна, кераюккъахь киллершка дIавели-кх цара иза. Иза вейтарна хIуммаъ а кIеззиг бехке уьш а ца хета суна.

- Дина зулам кхачам боллуш толлур ду аьлла, тешна юй хьо?

- Анзор веле хьалха дуьйна кхин цхьа нохчийн кегийрхойн тоба а ю кхузахь лаьцна, цунна кIело кечъеш хилла ю аьлла. Церан наноша дукха телефонаш йиттира тхоьга, нагахь санна, шайн бераш Анзора маьрша ца дахахь, шаьш хIара дийр ду, важа дийр ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш. Анзорна хууш ма дацара, полицино лецна ма бара уьш, шайн шеконаш кхоллаелча. Суна полицино дош делла, иза верна бехке мел верг таIзаре хIоттор ву шаьш, цхьа а волуьйтур вац аьлла.

Анзоран цхьа телефон яра. Шен цхьа шеконаш йолчу нахаца къамел дечу хенахь, дуьйцург дIаяздора цо. Делан къинхетам бу, и телефон дIа ца яьхьна зуламхочо. Цу телефон чохь дуккха а информаци ю, тоьшаллаш ду, уликаш ю. И телефон бахьана долуш, кесста дуккха а нах тIеозор бу.

Ас цкъачунна цхьаннен а цIераш йохур яц, амма, суна дерриг а хууш ду. ТIаьххьара бехкеволчунна таIзар даллац, со юхаер яц. Страсбурган кхеле кхочур ю со, эшахь, амма Анзоран некъ ас берзор бу хьакъ доллуш.

***

2005-чу шарахь дуьйна вара Умаров, кехаташца Beck Martin, Австрехь вехаш. Кеп-кепарчу интервьюшкахь цо ша ма-дийццара, меттигерчу полицига информаци дIакхачайора цо, Европехь бехачу политикан эмигранташна дечу тIелетаршна Оьрсийчоьнан ФСБ бехкехиларх.

Цо ма-дарра дуьйцура, Нохчийчоьнан Iедалхоша шайн дуьхьалончаш, Кадыровн хилла гIаролхо Исраилов Iумар а цхьана, хIаллакбан гIерташ лелочух а.

Кавказ.Реалиис бинчу хаттамца, Европерчу нохчийн диаспоран векалшна хетарехь, Умаровна тIехь совцор дац цара, Кадыровн критикашна дуьхьал шаьш лелон зуламаш.

Бакъонашларъярхочо Садулаев Мансура дIахьедина, Умаров вийначул тIаьхьа, нохчий ладоьгIна Iаш хиларх, Австрин Iедалхоша ден долчуьнга. Амма кхоччуш тешна бац уьш, талламбар нийсонца хир ду аьлла.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Ru24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Ru24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Ru24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Чемпион СССР по футболу Аркадий Николаев умер в 87 лет в Москве

Арестован злоумышленник, ранивший мотоциклиста на Краснодарской

Проект «Сделано в Москве» откроет маркет на полумарафоне в «Лужниках»

90-летний Зураб Церетели написал картину на открытии собственной выставки

Музыкальные новости

В России назвали топ-35 экономически сильных регионов по итогам 2023 года

«Кино закончилось»: девушка Гуфа отреагировала на планы рэпера больше никогда не жениться

Суд рассмотрит 25 апреля протокол на Ивлееву за дискредитацию ВС России

Олимпиада по финансовой грамотности МГУ проходит при поддержке СберСтрахования жизни

Новости России

Мужчины стали в 2 раза активнее пользоваться маркетплейсами

Какие активы семьи экс-замминистра обороны Тимура Иванова арестовал суд

Вильфанд: апрель в Москве будет заканчиваться июньской погодой

Теракт в «Крокусе» спонсировали через финорганизации с помощью криптовалюты

Экология в России и мире

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)

Токсиколог Кутушов рассказал почему возникает похмелье

Всероссийский субботник пройдет на территории сервисного локомотивного депо «Москва-Сортировочная» 27 апреля!

МФК «Динамо Пушкино» вошел в топ-8 команд Всероссийского футбольного турнира «Кубок Казани»

Спорт в России и мире

Кто отец Дианы Джокович?

Камбэком обернулся матч вундеркинда из России перед стартом Еленой Рыбакиной в Мадриде

Мария стала соперницей Азаренко на турнире WTA в Мадриде

Соболенко: я предпочитаю смотреть мужской теннис, а не женский

Moscow.media

Неудержимые 2. Альянс (окончание)

На флоте бабочек не ловят

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)

Heroje H288BW- портативный сканер штрих-кодов с интерфейсом Bluetooth











Топ новостей на этот час

Rss.plus






Владимир Головнев предложил улучшить налогообложение для бизнеса

Суд удовлетворил заявление Минпромторга к Х5 о приостановке корпоративных прав

Проект «Сделано в Москве» откроет маркет на полумарафоне в «Лужниках»

Обручальное кольцо Баскова ювелир оценил в стоимость московской однушки