ТIаьххьарчу буса а, дийнахь а Къилбаседа Кавказехь 6 пациент велла коронавирусан ун токхуш хилла, кхин а 380 стагана вирус кхетта. Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабо Iорадаккхарца, Дагестанехь кхелхина кхоъ, Ставрополан кIоштахь шиъ, ГIалмакхойчохь цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 вирусах 852 дархо. Къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу 24 сахьтехь ун даьлларш Ставрополан кIоштахь – 83 стаг: Ставрополан кIоштахь +83 (5 975 ву эпидеми яьржичхьана) Краснодаран... Читать дальше...
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьаькамашна тIедиллина, "экстремизман идеологашца а, Малхбузен мехаллашца" а бен къийсам чIагIбе аьлла. Оцу балхана тIехь Iуналла дан хIоттийна цо зорбан министр Дудаев Ахьмад, яздо "Кавказ.Реалиино". "Шинарин дийнахь ас министрашца а, кIоштийн куьйгалхочшца а, ницкъаллийн структурийн хьаькамашца а кхеташо дIаяьхьна. Царна хьалха декхарш хIиттийна ас, экстремизман идеологашна а, Малхбузен мехаллашна а информацин дуьхьало латтон мел а эвсара некъаш лаха аьлла", - яздо Кадыровс "ВКонтактехь". Читать дальше...
Куц-кеп хуьйцуш, пластикан операцеш йина Нохчийчуьра яхархочунна хан тоьхна. Бюджетера ахча лачкъорна, таIзар токху ГIалгIайчоьнан финансийн экс-министр цIахь хан яккха витина, дарбан цIийнера ара а ваьккхина. Кироваулан бахархой реза хилла, шайн юьртан цIе кхелхинчу тренеран Нурмагомедов Iабдулманапан цIарах хилийта.
Товбеца-беттан 4-хь Австрехь 43 шо долу Нохчийчуьра вахархо верна бехке йина Кадыров Рамзана "Оьрсийчоьнна дуьхьал болх беш йолу" къайлаха сервисаш. И дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо, стаг верна ша бехке вича. Цунна и бехкаш дохкурш бу Европерчу пачхьалкхашкахь беха нохчий. Талламхоша а хьехадо Умаров политикан бух болуш вийна хилар.
Кху деношкхаь кхелхинчу Дагестанерчу Нурмагомедов Iабдулманапан цIарах хир ю иза дIавоьллина Кироваул юрт. ТАСС агенталло Кизилюьртан кIоштан администрацина тIе а тевжина, бинчу хаамца, эвлара бахархой реза хилла шайн юьртан цIе хийца. "Кироваулан бахархойн дехарца Кизилюртан кIоштан куьйгалхочо Шабанов Мохьмада кхеташо дIаяьхьира, Нурмагомедов Iабдулманапан сий деш, оцу эвлан цIе хийцарх дийцаредан. Иштта дакъалаьцна цу гуламехь Кироваулан юьртдас Хазиев Ильяса а, депутатийн корпусо а, юьртарчу къаноша а... Читать дальше...
Пачхьалкхан бюджетера ахча лачкъийна аьлла, набахтехь даккха пхи шо хан тоьхна ГIалгIайчоьнан финансийн хилла министр Цечоев Руслан цIахь хан яккха витина, дарбан цIийнера ара а ваьккхина. Несаран кхело бина иштта сацам, яздо "Кавказский узел" агенталло. Маршо Радионо яздира, ГIалгIайчоьнан финансийн министр лаьттинчу Цечоев Русланна набахтехь даккха пхи шо хан кхайкхорах. Шен хьокъехь кхело сацам бовзуьйтучу процессе ца веана экс-министр федералан лехамашка веллера. 2015-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь... Читать дальше...
ТIаьхьа зуламе доьрзу пластикан хирургин хьелаш шен пациенташна хIитторна бехкейинчу, Нохчийчуьрчу яхархочунна Душаева Розина дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх листина даьлла Соьлж-ГIалин кхелехь. Набахтехь яккха хан кхайкхийна цунна, яздо республикерчу хаамийн гIирсаша. Шен пациенташна имплантийн метта вазелин детташ хилла, оцу тIехула шина зудчун накхошна операцеш ян дезна,яздо "Чечен-инфо" хаамийн гIирсо. Шен цIахь еш хилла Душаевас и процедураш. 2013-чу шеран Гезгамашин-баттахь вазелинан даьттанах пайда а оьцуш... Читать дальше...