ТIаьхьа зуламе доьрзу пластикан хирургин хьелаш шен пациенташна хIитторна бехкейинчу, Нохчийчуьрчу яхархочунна Душаева Розина дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх листина даьлла Соьлж-ГIалин кхелехь. Набахтехь яккха хан кхайкхийна цунна, яздо республикерчу хаамийн гIирсаша.
Шен пациенташна имплантийн метта вазелин детташ хилла, оцу тIехула шина зудчун накхошна операцеш ян дезна,яздо "Чечен-инфо" хаамийн гIирсо. Шен цIахь еш хилла Душаевас и процедураш. 2013-чу шеран Гезгамашин-баттахь вазелинан даьттанах пайда а оьцуш, мехий диттина хилла цо Нохчийчуьрчу шина зудчун накхойх. ТIаьхьо шина а пациентан накхошна ампутаци ян дезна.
Оцу хьокъехь, Соьлж-ГIаларчу кхело набахтехь яккха хан тоьхна Душаевана. Билгалдоккху, шен доьзалхочун 14 шо кхаьчначул тIаьхьа набахте хьажор йолуш ю иза.
2015-чу шарахь дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тергоне эцнера махкахь хазаллин хIусамашкахь ботоксца а, силиконца а, цхьацца кхечу гIирсашца а зударийн куц-кеп хуьйцу салонаш. Церан дай нахалбахар, церан бизнес лакъор тIедиллинера цо.
ТIаьххьарчу заманчохь Соьлж-ГIаларчу «говзанчаша» йинчу операцех бала хиллачу зударша цуьнга аьрзнаш динчул тIаьхьа Iедалан тIегIанехь шуьйра дийца долийнера Нохчийчохь пластикан операцеш яр.