Охьатохархлатархо-профессионал Тайсумов Майрбек шеца рингехь тасавала кхайкхина бакъоларъяечу "Вайфонд" юкъараллин куьйгалхочо Садулаев Мансура. Цо бехкбиллина Тайсумовна, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш волчу Кадыров Рамзанца цхьаьна суьрташ а дохуш, оццу юкъанна дуьнентIерачу маьрша пачхьалкхашкахь а вехаш иза леларна. Ша яржийначу видео чохь Садулаевс боху, шайх Iазапна кIелхьара бевдда баьхкина мухIажираш а олуш, амма, Тайсумов санна, Кадыровн Iедалехьа болу Нохчийчуьра спортхой шаьш дехачу... Читать дальше...
ТIаьххьарчу дийнахь-буса 8 стаг велла коронавирусах, 403 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, беллачаралахь ву ГIалмакхойчуьра кхо стаг, Дагестанера, Ставропол-махкара – шишша, Краснодар-махкара – цхьаъ. Пандемин муьрехь Къилбаседа Кавказехь велларг массо а ву 913 стаг Дийнахь-буса а, юхьанца дуьйна а цомгуш хилла: Ставропол-мохк +141 (6766) Краснодар-мохк + 70 (7115) Дагестан + 44 (8735) ГIалмакхойчоь + 31 (2346) ГIалгIайчохь + 26 (3419)... Читать дальше...
Москвахь Левобережный олучу кIоштарчу коммуналан хьукматийн бIеннашкахь гергга белхалойн тидам хилира, дукха хьолахь, къинхьегаман мигрантийн, байначу беттан шайна догIучу алапан кхоалгIа дакъа тIетоьаш цахиларх. Настоящее Время телеканало материал йина царех лаьцна, видео а йоккхуш. ХIинццалц Москвахь урамашкахь нуйхьокхучо 33 эзар сом ахча оьцура, Американ долларшкахь аьлча, $450. Амма тIаьххьарчу баттана масех кIоштарчу мигрантийн кара делира 23 эзар сом ($300 гергга). Оцу ахчанца хене волийла дац Москвахь бохуш... Читать дальше...
Мехкдаьтта доккху Либера объекташ Оьрсийчуьрчу «Вагнер» компанино, тIе блок-посташ а хIиттош, тIеман хьашташка ерзорна ша резайоцийла хаийтина Либин пачхьалкхан мехкдаьттан NOC компанино пIераскана, яздо Маршон Радио оьрсийн сервисо. "Рейтер" агенталло бечу хаамца, NOC компанино бехкеечу арахьара Либе яьхкинчу тIеман тобанашлахь цхьа «Вагнер» хилла а ца Iа, бу Шемара а, кхечу пачхьалкхашкара а баьхкина тIемалой. Либино мехкдаьтта доккху меттигаш кхайкхаза махка биссинчу арахьарчу ницкъаша тIеман хьашташка ерзийна... Читать дальше...