Охьатохархлатархо-профессионал Тайсумов Майрбек шеца рингехь тасавала кхайкхина бакъоларъяечу "Вайфонд" юкъараллин куьйгалхочо Садулаев Мансура. Цо бехкбиллина Тайсумовна, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш волчу Кадыров Рамзанца цхьаьна суьрташ а дохуш, оццу юкъанна дуьнентIерачу маьрша пачхьалкхашкахь а вехаш иза леларна.
Ша яржийначу видео чохь Садулаевс боху, шайх Iазапна кIелхьара бевдда баьхкина мухIажираш а олуш, амма, Тайсумов санна, Кадыровн Iедалехьа болу Нохчийчуьра спортхой шаьш дехачу хIусамашка а кхуьйлуш лела цхьаболу Европера нохчий. Ишта нах, Садулаевс бахарехь, тешаме бац баккъал а Оьрсийчоьно шайна тIе баланаш а биссийна, дуьне ма-дду дIасабаьржинчу мухIажирашна.
"Сан къамел хьоьга ду Тайсумов Майрбек. Со а ву спортхо, профессионал вацахь а. Со а ву Венехь вехаш, Австрехь, ас сайца лата ринге кхойкху хьо. Со нохчийн баракх кIел хир ву, ткъа хьо – Оьрсийчоьнан, Кадыровн байракх кIел..", - аьлла "Вайфондан" лидеро.
Кавказ.Реалиига ша Садулаева бахарехь, цкъачунна жоп ца делла Тайсумовс.
Тайсумов Майрбек – схьавалар ду Нохчийчуьра, лиэтта Оьрсийчоьнан а, Австрин а цIарх.
2014 шарахь Тайсумовца контракт хIоттийра UFC юкъаралло. Оцу Америкерчу профессионалан цхьаьнакхетараллехь 9-за летта иза, 7-зза тоьлла, 2-зза эшна. Контрактан хан чекхъяьлча, мукъаваьккхина промоушенах.
2017 шарахь Тайсумовца ша хIоттийна контракт дохийра Венерчу "Not in God’s name" проекто, цуьнан инстаграмерчу агIонехь иза а, Кадыров а цхьанаволу суьрташ хааделча.