Шаьш наркотикаш лелочу бизнесца дузуш къамел дарна Францерчу Ницца гIалин мэрна дуьхьал кхеле аьрзнаш хьовсийна цигахь бехачу нохчаша. Оцу хьокъехь журналисташка хаам бина оцу гIалин прокурора Боном Ксавьес. "Шовткъе итт сов арз чуделла кхеле Нохчийн республикера схьабевллачу бахархоша Ниццан мэро Эстрози Кристиана динчу къамелана реза боцуш. Кхечу хьосташа бахарехь, 400 сов ду и тайпа аьрзнаш", - аьлла прокурора, Le Parisien газето яздарехь. Мангал-беттан 16-чу дийнахь Эстрози Кристиана, ша BFM TV телеканална интервью луш элира... Читать дальше...
Европан Берто цкъачунна 14 пачхьалкхера нах бен ца буьту шен мехкашка; Кадыров: Путинах цкъа а хуьйцуш воцу президент ван веза; шайна хIусамаш яларе догдохучу мухIажирийн гулам дIасалаьллина полицино Магасехь
Пачхьалкхан къоман кхерамзаллан комитетан талламан изоляторехь латтош хилла мехкан экс-президент Атамбаев Алмазбек шина а агIор пневмони ю аьлла, дарбан хIусаме дехьаваьккхина. Шен адвокатех цунна ун даьлла хила тарло аьлла, шеконаш ю урхаллан. Пачхьалкхан къоман кхерамзаллан комитето баржийначу хаамехь яздина ду, байначу беттан 29-чохь дегI дика дац шен аьллера Атамбаев Алмазбека, цул тIаьхьа COVID-19 юй хьожуш анализ эцнера цуьнгара. Тесто ун дац аьлла гайтира, тIаккха лоьраша, онлайн-консилиум вовшах а тоьхна... Читать дальше...
Социалан машанашкахь видеоролик яржийна, Нохчийчуьрчу йоккхачу стага мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане а, бакъонашларъярхошка а дехар деш, "тIаьххьара шен кIантах бIаьрг тохийтахьара" шега бохуш. Цуьнан кIант – Гадаев Беслан- карарчу заманчохь Владимир гIаларчу лоьмар 1 йолчу СИЗО-хь ву. Цуьнан адвокато чIагIдарца, цхьа а дуьйцуш бахьана а доцуш схьавалийна Гадаев Владмирскан кIошта. Бакъонашларъяран "Мемориал" центрехь хаамбина, Нохчийчуьра схьаваьллачу вахархочунна иза мел латтийначу набахтешкахь тIехь даим а беш ницкъ бу аьлла. Читать дальше...
Оьрсийчоьнан "цкъа а хийцалуш воцу президент" хила веза Путин Владимир, аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен гонан кхеташонехь. "Мила хир ву иза хийца? Вац дуьненан тIегIане кхаьчна и санна волу политик", - боху Кадыровс социалан машанашкахула яьржинчу кхеташонерчу видео чохь. Цунна гарехь, Путин куьйгаллехь волчу заманахь лаккхара ирхенаш яьхна Нохчийчоьно. "Низамца чIагIъеллачу пачхьалкхехь, Оьрсийчоьнан Федерацехь, деха вай", - аьлла Кадыровс, махкахой Конституцин хийцамаш тIечIагIбечу харжамийн бараме а кхойкхуш. Читать дальше...