Дийнахь-буса уьнах 3 стаг велла, 283 цомгуш хилла; Нохчийчоь зуламаш кIезиг ден меттиг ю, боху цхьана хьаькамаша, ткъа кхечара – уггаре дукха уьш дечу мехкийн могIара юьгу; "ГIалгIайн къоман цхьааллин комитет" дIакъовла сацам бина кхело
2020-чу шеран 6 баттахь Оьрсийчохь уггаре кIезиг зуламаш дина регион ю Къилбаседа ХIирийчоь. Цул тIаьхьа йогIу Нохчийчоь. КхоалгIачу меттехь ю Тыва, йоьалгIа – Адыгей. Иштта статистика гайтина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло, хаам баржийна ТАСС агенталло. Ткъа зуламаш дар массанхьачул а марсадаьллачу мехкех ю Новгород а, Смоленск а. Кхуьуш ду зуламаш дар Чукоткехь а, Ивановохь а, ГIалгIайчохь а. Хьалхо ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас дIахьедира, Къилбаседа... Читать дальше...
ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело шен сацамца дихкина "ГIалгIайн къоман цхьааллин комитетна" болх бан. Оцу юкъараллин декъабогIура Нохчийчоьнца къастийначу дозанна резабоцу жигархой. Сацаман хьокъехь иштта аьлла Кхеташонан декъашхочо, Магасехь стохка лаьттинчу гуламан жигархочо, "Фортанга.орг" порталан редактора Евлоева Изабеллас: "ГIалгIайн къоман цхьааллин комитет" протестийн муьрехь ханна кхоьллина юкъаралла яра ГIалгIайчоьнан латтанаш лардан. Низамо магош йолу кеп яра цуьнан – яцара иза Iедало регистраци йина. Читать дальше...
3 стаг велла уьнах дийнахь-буса, 283 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь. Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, коронавирусах велла Дагестанехь ши стаг, цхьаъ – Нохчийчохь. Къибаседа Кавказехь пандемин муьрехь верриг а велларг ву 879 вахархо. Дийнахь-буса а, юьхьанца дуьйна а цомгуш хиллачийн терахьаш иштта ду: Ставропол-мохк +64 (6303) Краснодар-мохк + 62 (6847) Дагестан + 46 (8560) ГIебарта-Балкхаройчоь + 41 (5645) Кхарачой-Чергазийчоь + 19 (4084) Адыгей + 17 (2275)... Читать дальше...
ГIебарта-Балкхаройчуьрчу охьатохархлатархочунна Махов Билялна 2012-чу шеран Олимпан чемпионан цIе елла Товбеца-беттан 13-чу дийнахь «Охьатохархлатаран Цхьаьнатоьхначу дуьнено» (UWW). 2012-чу шарахь Лондонехь хиллачу Олимпан ловзаршкахь дакъалаьцначу гIажаройн атлетна Гасеми Комелина а кхачийна и санна дарж. Вуьйцучу шиммо а баьхнера олимпиадехь, дегIан супер-йозаллин спортхошлахь, кхоалгIа меттигаш. Амма Узбекистанан агIор леттачу хIиричуьнгара Таймазов Артурера а, Гуьржийчоьнан латархочуьнгара Модзманашвили Давидера а... Читать дальше...
25 шо ду Гурдич Рамизас шен вийна хIусумда а, ши бер а лоьху. Дуьненан шолгIа тIом бирзинчул тIаьхьа Европехь уггар дуккха нах хIаллакбина зулам кхечира ГурдичгIеран доьзале а. И Iазап наха дагалоцу "1995 шарахь Сребреницехь Iанийна цIий", олий.
Ставропол-махкахь гIишлошъяран а, архитектуран а министр лаьттинчу Когарлыцкий Алексейна дуьхьал рогIера дов айдина талламо – боккхачу барамехь кхаъ эцар. Талламан комитетан векалша "Кавказ.Реалиига" бинчу хаамца, хьакамаллехь Iийначунна дуьхьал пхоьалгIа бехктакхаман дов ду хIинца айдинарг. ДоьалгIачу девнехь а санна, бехк боьзна бу "Гипроздрав" фирмица – цунна аьттонаш латтош хилла Когарлыцкийс ша министран даржехь волуш, даьккхина цуьнан куьйгалхошкара 15,5 миллион сом. Махкахь кардиологин... Читать дальше...