3 стаг велла уьнах дийнахь-буса, 283 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь.
Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, коронавирусах велла Дагестанехь ши стаг, цхьаъ – Нохчийчохь. Къибаседа Кавказехь пандемин муьрехь верриг а велларг ву 879 вахархо.
Дийнахь-буса а, юьхьанца дуьйна а цомгуш хиллачийн терахьаш иштта ду:
Ставропол-мохк +64 (6303)
Краснодар-мохк + 62 (6847)
Дагестан + 46 (8560)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 41 (5645)
Кхарачой-Чергазийчоь + 19 (4084)
Адыгей + 17 (2275)
Къилбаседа Х1ирийчоь + 15 (4271)
ГIалгIайчоь + 10 (3328)
Нохчийчоь + 9 (1851)
ГIалмакхойчоь + 0 (2182)
Коронавирус яьржичхьана схьа цунах цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь 45 290 стаг.
Федералан штабан информаци дукха хьолехь йогIуш ца хуьлу регионашкарчу терахьашца. Хьаькамаша иза дузу Москвахь а, меттигашкахь а цомгушнаш зер кеп-кепара дIахьош хиларца.