Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2020

Новости за 13.06.2020

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказ: тIаьххьарчу дийнахь а, буса а велла 14 дархо, ун даьлла 555 стагана

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а коронавирусан уьнах кхелхина 14 стаг, кхин а 555 вахархочуьнца вирус къаьстина. Оперативан штабан дIахьедарца, Къилбаседа ХIирийчохь велла бархI дархо, Дагестанехь а, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь кхелхина цхьацца пациент. Эпидеми чуеачхьана Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах верриг а кхелхинарг ву 620 стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, Дагестанехь алсам бу ун даьлла нах - 96: Дагестанехь + 96 (6 463 ву эпидеми яьржичхьана). Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Украинан президентан хIусамнанна коронавирусан ун даьлла

Украинан президентан Зеленский Владимиран хIусамнанна Зеленская Еленина йинчу тесташа коронавирус ю аьлла, гайтина, делахь а, цхьа а симптом йоцуш, токхуш ду цо лазар аьлла, хаам бина Украинерчу президентан офисо. Зеленский Владимирца а, церан берашца а вирус яц. Шен доьзалх дIа а къастийна, амбулаторехь дарба деш ду Зеленская Еленина. Офисехь билгалдаккхарца, кест-кеста COVID-19 толлуш, тесташ йойтура цо. Бутт карабеача йинчу тесташца а ца къаьстинера цамгар. "Маца, муха ун даьлла- цкъачунна къаьстина дац... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ВОЗ: "Пандемин шолгIа тулгIе яц хIара, вай хьалхарчух а ца девлла"

COVID-19 вирусан шолгIа тулгIе йолаярна кхоьручу Китайн Iедалхоша пIераскан дийнахь дIакъевлина Пекинера ялх яккхийчех йохка-эцаран туьканаш. Оцу юкъанна, карантинан режим лагIъян йолаеллачу ХIиндойчохь тIаьххьарчу буса а, дийнахь а ун даьлла нах алсамбевлла. Американ масех шатато а дIахьедина, шайн дарбан хIусамашкахь цомгаш  нах тIекхетта аьлла. Иштта ю, Reuters агенталло яздарехь, тIаьххьарчу 24 сахьтан хроника. Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран (ВОЗ) организацино дIахьедо, коронавирусан инфекцин пандеми ерза хIинца а гена ду аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу маьждигашкахь Рузбане гулбала йиш ю бахархойн

ПIераскан деношкахь Рузбанехь цхьана а кхета, ламазаш дан аьтто бу Нохчийчуьрчу бахархойн,яздо ТАСС агенталло. ПIераскан дийнахь дIахьедира цунах регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Нохчийчоьнан йоллу территори тIехь тахана дуьйна магош ду маьждигашкахь рузба дар. Нагахь санна, адамаша коронавирусах ларлун барамаш кхочушбеш хилахь, пандеми яьржинчу юкъанна къевлинчу маьждигийн неIарш схьайоьллур ю", - аьлла Кадыровс, "ВКонтактерчу" шен пена тIехь. Коронавирусан ун даржарна кхоьруш Нохчийчуьра... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн яздархо Уциев Абу кхелхина

Нохчийчохь кхелхина 66 шо долу гоьваьлла яздархо, културан хьакъволу белхахо, Оьрсийчоьнан яздархойн Союзан декъашхо Уциев Аюб. 1954-чу шарахь дуьненчу ваьллера Уциев. Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет а, юридикан техникум а, Волгоградан индустрин-педагогикан техникум а, архитектуран-гIишлошъяран академи а чекхъяьккхина цо. Белхаш бина Уциев Абус Шелахь арадолучу "Коммунизман байракх" газетехь а, иштта, Соьлж-ГIалахь арадолучу "Ленинан некъ" газетехь а. Къахьегна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь а цхьаьна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ефремовс гечдар дехна шен карах веллачун гергарчаьрга

57 шо долу Захаров Сергей а вуьйш, ша бахьанехь некъан бохам хиллачул тIаьхьа дуьххьара цуьнан гергарчаьрга вистхилла актер Ефремов Михаил. "Гражданин-поэт" ютьюб-каналерчу агIонехь гучуяьккхина Ефремовн видео, яздо "Свобода" Радионо. Захаровн гергарчу нахе шена гечдар доьху актеро, ша да мел волчу ахчанца ша гIо дийр хилар дIа а хоуьйтуш. Цо билгалдоккху, "бехках цIанвала гIертар дац иза, бехк байбан гIертар ду" аьлла. Иштта Ефремовс дIахьедина, шена бевзачу нахе а вуьйлуш, таIзарх вала а ца гIерта ша аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь кхелхина Кадыровн гонера Висмурадов Абушайх

Соьлж-ГIаларчу полицин хьаькам, парламентан вице-спикеран Висмурадов Абузайдан (Патриот) ваша, 51 шо долу Висмурадов Абушайх велла Нохчийчохь."Кавказский узел" агенталло бина цунах лаьцна хаам, шайн шина хьосто дийцарехь а, иштта инстаграмерчу масех аакаунташна тIетевжина а. Еарин сарахь кхелхина Висмурадов аьлла, балхаца иза вевзачу Соьлж-ГIаларчу Амнат цIе йолчу зудчо а. Шахьарарчу телехьожийлан белхахочо дийцина иштта агенталле, Висмурадов кхалхарца доьзна Оьрсийчоьнанн денна лерина онлайнехь... Читать дальше...


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus