Нохчийчуьрчу маьждигашкахь Рузбане гулбала йиш ю бахархойн
"Нохчийчоьнан йоллу территори тIехь тахана дуьйна магош ду маьждигашкахь рузба дар. Нагахь санна, адамаша коронавирусах ларлун барамаш кхочушбеш хилахь, пандеми яьржинчу юкъанна къевлинчу маьждигийн неIарш схьайоьллур ю", - аьлла Кадыровс, "ВКонтактерчу" шен пена тIехь.
Коронавирусан ун даржарна кхоьруш Нохчийчуьра маьждигаш къевлина дара Зазадокху-баттахь дуьйна.