ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 9 стаг, вирус кхетта 553 вахархочух. Эпидеми ца яржийта кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь, ГIебарта-Балкхаройчохь кхелхина кхоккха пациент, Краснодаран махкахь шиъ велла, Ставрополан кIоштахь цхьаъ. Верриг а къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 вирусах 629 апциент . ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Кхарачой-Чергазийчохь дукха бу ун даьлларш - 98: Кхарачой-Чергазийчохь+98 (2 156 ву эпидеми яьржичхьана) Дагестанехь... Читать дальше...
Нохчийчуьрчу могушаллин министран Сулейманов Эльханан тIаьххьарчу хаамашца, кхин а 23 стаг къаьстина коронавирусан инфекцица. Республикехь лоьрийн тергонехь ву 5 606 пациент яздо махкарчу хаамийн гIирсаша. Коронавирусан ун къаьстина 1 464 стагаца. 1 123 вахархочунна дарба хилла. COVID-19 вирусах кхелхина махкахь 18 пациент. Могушаллин министро билгалдаьккхина, масканаш а, каранаш а лело дезаш хилар, хIунда аьлча, гигиена ларъяре хьаьжжина ду коронавирусан хьал.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бина, коронавирусан пандеми бахьана долуш тоьхна дозанаш карарчу беттан 20-чу дийнера схьа дуйна 3-чу муьре а девлла, малдан долор ду аьлла. "Чечня Сегодня" агенталло бина цунах лаьцна хаам. "Регионерчу хьолана тIехь латтош терго ю, цкъачунна цхьана кеппара ю ситуаци. Карарчу беттан 20-гIа де чекхдаьллачул тIаьхьа рогIерчу этапе довла гIуртур ду", - аьлла, хаам бина Кадыровс шен Твиттерехь Могушаллин министраллан тIаьххьарчу информацица, махкахь 1 44I стаг ву ун даьалла... Читать дальше...
Невран кIоштахь Терк чу вахначу шина кIантах цхьанан дакъа схьакарийна орцанхошна. КIиран дийнахь бина и хаам орцан министралло ТАСС агенталле. "Хи чу вахначу меттигна 11, 5 километар дехьа, Левобережный олучу эвлахь карийна веллачу кIентан дакъа. Дийнахь а, буса хи йистехь ха дечу орцанхошна гинера иза. ШолгIаниг схьалоьхуш ву хIинца а", - аьлла министраллан пресс-гIуллакххоша. Карладоккху, дахначу еарин дийнахь Невран кIоштарчу эвлан йистехь вайнера 11 а, 12 а шераш долу ши кIант. Шеконаш яра и шиъ Терк чу вахана хир ву аьлла. Читать дальше...
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIечIагIдина шен гонерчу Висмурадов Абушайхан кхалхар. "Тахана дуккха а хала ду суна садаIа. Хьоьвзинчу бурконо аьхкенан Ахмат-Юьртара цIена хIаваъ мерцина а хаац, я бIаьрех ледачу бIаьрхиша некхан ун дIалаьцна а хаац. Ца хаьа. Амма суна хетарехь, иза а, важа цхьанаийна, тхоьца садоьIуш хьо вацарна, АБУШАЙХ...", - аьлла яздо меттигерчу "Чечня Сегодня" агенталло Кадыровн дешнаш. Висмурадов валаран бахьана дуьйцуш дац Кадыровс, шен эмоцеш гайтар доцург... Читать дальше...