КЪилбаседа Кавказехь 7 стаг велла уьнах дийнахь-буса; зударий балор-битар лахдина коронавирусо; бехктакхам кховдийна ГIалгIайчоьнан министрийн кабинетан куьйгалхо лаьттинчуьнга
Оьрсийчоьно жоп дала деза ша дечу зуламех, яздина Твиттерехь Европарламентан депутата, Германерчу политика фон Крамон-Таубадель Виолинас. Хангашвили верна шайн пачхьалкхан Федералан прокуратуро Оьрсийчоь бехке ярца доьзна аьлла цо: "Кхин а цхьа тоьшалла ду вайна хиинчуьнца: шира кеп лелайо Оьрсийчоьно нах хьийзорца, байъарца, ца юьту оцу тIехь юьстах ур-атталла Германи а, Европан Барт а. Оьрсийчоьно жоп дала деза цунах а, ша динчу кхечу дуккха а зуламех а. Цуьнга шогга жоп доьху хан тIекхаьчна", – яздина Европарламентан депутата. Читать дальше...
Германехь Оьрсийчуьра вахархо С. Вадим (К. Вадим) бехкевина Хангошвили Зелимха верна. 2019-чу шарахь нахана юккъехь вийра Хангошвили Берлинехь. ТIелатар динарг лецира. Цунах лаьцна къамел дира «Карара хан» телехьожийло The Insider-ан коьртачу редакторца Доброхотов Романца.
7 стаг кхелхина, 574 цомгуш хилла коронавирусах дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а велла кхоккха вахархо, ГIебарта-Балкхаройчохь – цхьаъ. Юьхьанца дуьйна уьнах регионехь велла 674 стаг. Уггаре дукха цомгуш хилларш бу коронавирусах дийнахь-буса Ставропол-махкахь – 137 стаг. Ставропол-мохк + 137 (4155 юьхьанца схьа) Кхарачой-Чергазийчоь + 94 (2639) Дагестан + 88 (7015) ГIебарта-Балкхаройчоь + 76 (4285) ... Читать дальше...
Муха Iалашван веза журналист Габуния Георгий а, къаьсттина, йоллу пачхьалкх а, ма-дарра аьлча. Нохчийн лидеро Кадыров Рамзана дIахьедар динчул тIаьхьа Гуьржийчоьно жоп лоьху, яздо "Эхо Кавказа" портало. Кху деношкахь шен Телеграм-каналехь шога комментари йитира Кадыровс, Гуьржийчоьнан къайлахчу сервисаша (СГБ) шайн журналист Габуния Георгий вуьйчуьра ваьккхина аьлла, Iораяьккхинчу информацех, цо дан дезарг а хьоьхуш. Стохка Оьрсийчоьнан президентах лаьцна ша аьллачух гечдар доьхуш, журналист Габуния Георгий горахIуттур вара аьлча... Читать дальше...
Къилбаседа Кавказехь зударий балор а, доьзалш бохар а лахдина коронавирусца доьзна нах чохь совцаро. Статистикан урхалло Росстато тоьшалла дарца, шеран хьалхарчу беа баттахь кегийнаха доьзалш кхоллар лахделла 76,9% стохкалерчу оццу муьраца дуьстича. Уггаре кIезиг кхоллабелла доьзалш ГIебарта-Балкхаройчохь, лахбелла и барамаш 24,6%-на – стохкачул 279 кIезиг. Дагестанехь лахделла зударий балор 23,1% - стохкачул 1033 кIезиг. Изза хьал ду кавказхойн кхечу мехкашкахь а. Нохчийчохь керла доьзалш кхоллар 20,5% лахделла ... Читать дальше...
Талламан комитетан сайто бечу хаамца, ГIалгIайчоьнан министрийн кабинетан экс-куьйгалхочунна дуьхьал бехктакхаман дов айдина. Иза бехке во шегахь хилла бакъонаш совъяхарца зулам дарна. Цхьадолчу телеграм-каналаша цIе йоху «хиллачу куьйгалхочун» - Гагиев Руслан. Талламан версица, 2017-чу шарахь цо, низам а талхош, пачхьалкхан хьелийн комплекс 49 шарна дIаелла цхьана коммерцин фирмина. 2014-чу шарахь федералан бюджетера ГIалгIайчоьнна деллачу 804 миллион соьмах йина а, шарахь 19 миллион соьманна са луш хилла ю комплекс. Читать дальше...