Украинан президентан хIусамнанна коронавирусан ун даьлла
Офисехь билгалдаккхарца, кест-кеста COVID-19 толлуш, тесташ йойтура цо. Бутт карабеача йинчу тесташца а ца къаьстинера цамгар.
"Маца, муха ун даьлла- цкъачунна къаьстина дац, эпидемиологин талламаш бу дIахьош. Цуьнца контакт мел хиллачаьрга дIахаийтина, ун дала кхерам латтарх", аьлла ду бинчу хаамехь.
Хьалхо Зеленский Владимира дIахьединера, шен масална тIехь массо а нахана и лазар кхераме хиларх дIахаийтархьама, хьаьгна вара ша коронавирусан уьнах аьлла.
Украинан территори тIехь, аннекси йина ГIирма а, Севастопол а, иштта оккупацехь долу Донбассан дозанаш а ца лерича, 29 753 стаг вара коронавирусан ун даьлла. 13 567 товелла, 870 кхелхина Украинехь.