Нохчийчохь кхелхина Кадыровн гонера Висмурадов Абушайх
Еарин сарахь кхелхина Висмурадов аьлла, балхаца иза вевзачу Соьлж-ГIаларчу Амнат цIе йолчу зудчо а. Шахьарарчу телехьожийлан белхахочо дийцина иштта агенталле, Висмурадов кхалхарца доьзна Оьрсийчоьнанн денна лерина онлайнехь пачхьалкхан филармонин артисташа дIаяхьа кхайкхийна концерт а юкъахъяьккхина аьлла.
"Филармонин артисташа иллеш а, эшарш а, хелхарш а дара кечдина. Тахана Iуьйранна, цхьа а онлайн-концерт хир яц элира тхоьга. ХIунда аьлча, Нохчийчоьнан министрийн кабинетан декъахочун ваша валарна", - аьлла, тIечIагIдина зудчо. Официалехь информаци я бакъйина а, я харцйина а яц.