Дагестанан вахархо Селимханов ИбрахIим Москвахь лачкъийна, Нохчийчу дIавигина хилла. Бакъоларъярхойх лаьцна цуьнга дицийта Iалашонца вигинера иза, яздо "Медиазонас" "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машана" тIетевжина. Москварчу "Новогиреево" метрон социйлана уллохь могIарерчу бахархойн духарехь, нохчийн маттахь къамел ден виъ стаг тIевеанера Стигалкъекъа-беттан 15-чохь Селимхановна. Цуьнгара кехаташ схьадаьхнера цара, Внуково аэропортехь Соьлжа-ГIала доьдучу кемана а хаийна, цигарчу полисхойн каравеллера. Кавказерчу... Читать дальше...
Кадыров Ахьмадан 70 шо кхачар даздеш школашкахь а, берийн бошмашкахь а концерташ а хIиттийра, байтийн а, суьртийн а къовсамаш а дIабаьхьира Нохчийчуьрчу Iедалхоша. Яржийначу видеошна тIехь бераша хеставо республикан президент лаьттина Кадыров Ахмат
Ростов-на-Дону гIаларчу Къилбан тIеман кхело бехкаш дехкина Дагестанерчу шина вахархочунна Шамсудинов Шамсудина а, Омаров Султанна а гIаттамхойх дIакхета гIортарна. 6 а, 10 а шерашна хенаш тоьхна цу шинна, яздо Кавказ.Реалиино. Талламан версица, 2019-чу шарахь Каспийскехь волчу заманчохь Омаровн а, Шамсудиновн а сацам хилла бакъо йоцуш вовшахтоьхначу герзахойн тобанехь Шеман дозана тIехь дакъалаца. ХIинжа-ГIалара Дубай доьдучу кемана билеташ эцначул тIаьхьа лаьцна и шиъ. Кхелан сацамна хIинца... Читать дальше...
Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша (ФСБ) хаам бина террорхойн регионалашна юкъахь лелачу "Катиба Таухьид валь-ДжихIад" (Оьрсийчохь йихкина ю) структурин лидерш а, декъашхой а лецна шаьш аьлла. Москвахь, Новосибирскан кIоштахь, Якутскехь, Красноярск-махкахь лерина операцеш дIаяьхьна аьлла, дIахьедина ФСБ-н юкъараллашца зIенаш латточу центро. Верриг а лаьцнарг ву 31 стаг. "Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллица а, Росгвардица а вовшийн зIе а йолуш, леринчу операцин гурашкахь Москвахь а, Новосибирскехь а... Читать дальше...
Ростов гIаларчу Къилбан тIеман кхело колонехь даккха цхьа шо хан тоьхна Дагестанерчу Кизил-Юьртан вахархочунна Валиев Абакарна. Социалан машанашкхаь терроризм къобалъеш, цунна пропаганда еш комментарий язъярна бехкевина иза. Оьрсийчоьнан Дагестанерчу Талламан комитетан урхаллобина цунах лаьцна хаам. Кхело тIечIагIдина, стохка Стигалкъекъа-баттахь Валиевс комментарий йитина хиларх, "терроран гIуллакхаш дан кхайкхам беш, иштта массарна а гуш, терроризм бакъйеш, терроризмна пропаганда еш". Ша бехке хиларх мукIарло дина Валиевс. Читать дальше...
ХIусамаш йолах пайда эца (аренде) лучу интернет-сервисан долахочо Airbnb компанино ханна чуваха чоьнаш нисйийр ю 20 эзар Афганистанерчу мухIажарна, яздо "Американ аз" портало. Компанин куьйгалхочо Чески Брайана шен Твиттерехь бинчу хаамца, хIусамаш лур ю мехаза. Цо дийцарехь, цу кепара Airbnb сарвиса яьккхина гIулч жоп ду "карарчу хенахь йолчу уггар йоккхаха йолчу гуманитаран кризисна" делла долу. Чески сатесна ву, кхиболчу бизнесхоша а адамашна гIо дан цу кеппара гIо-накъосталла дийр ду аьлла. Читать дальше...
Оьрсийчоьнан регионашлахь къоьллехь бохку нах дукха болчу мехкийн тептарехь нисъелла Тува а, ГIалгIайчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а. Саранскехь дIаяьхьначу "Содружество" форумехь Оьрсийчоьнан къинхьегаман министралло динчу дIахьедарехь хиина цунах лаьцна. Къоьллин тIегIа лерина регионан бахархойн тIедогIучу рицкъах хIиттийначу проценташца, яздо РБК агенталло. Тувахь 34,1% ю, цунна тIаьхьа йогIу ГIалгIайчоь (30%), тIаккха ю ГIебарта-Балкхаройчоь (24,2%). Росстатан зерашца, хьалхарчу эхашеран жамIашца... Читать дальше...
ГIалгIайчоьнан вахархо, цигахь чоьхьарчу гIуллакхийн министран даржехь Iийна, Iедалан ницкъашна дуьхьалоярна, "экстремистийн юкъаралла" кхолларна бехкевен Погорв Ахьмад экстремистийн а, террорхойн а тептаре ваьккхина Росфинмониторинго. Кавказский узел интернет-гIирсо бина и хаам. Элпийн къепехь террорхойх а, экстремистех а хIоттийначу тептаран къоман декъехь ву Погоров. Карарчу беттан 24-чохь оцу тептарехь ву верриг а II 349 стаг а, 5I6 юкъаралла а, Росфинмониторинган зерашца. Бакъоларъяран "Мемориал"... Читать дальше...