КIиранан дийнахь, Марсхьокху-беттан 8-хь, хиъна Токиохь дIайоьрзучу аьхкенан 2020-Олимпиадехь мидалаш дукха яхарца толам баьккхина тоба муьлхарниг ю, хаам бо Sport.ru зорбан гIирсо. Мидалийн чуларарехь Токиорчу Олипиадехь толам баьккхина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн къоман тобано. Америкерчу спортхошо яьккхина Японехь хиллачу къовсадаларшкахь 39 дашо а, 40 дато а, 33 барзна а мидал. ШолгIа меттиг дIалаьцна Китайн тобан декъашхоша: 38 дашо, 32 дато, ткъа иштта 18 барзана а мидал. Олимпин... Читать дальше...
Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Британино а Афганистанера сихонца дIагIо а аьлла кхайкхам шайн махкахошка. Цунах лаьцнаяздо "Американ аз" зорбан гIирсо. "Кхерамазаллин хьелаш тидаме а эцна, штат жима хиларна а, Афганистанехь Американ махкахошна гIо дан болу векалаллин аьттонаш дукха ледар бу ур-аттал Кабулехь а", - аьлла ду Кабулерчу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн векаллалан дIахьедарехь. Адамашна ницкъбар алсам долуш ду Афганистанехь оцу махкара кхечу пачхьалкхийн эскарш арадохуш хиларх лаьцна дIакхайкхийначул тIаьхьа. Читать дальше...
Францехь иттаннаш эзарнаш нах акцешка арабевллера санитаран кехаташ даларан система юкъаяьккхарна дуьхьал, хаам бо Свобода Радионо. Марсхьокху-беттан 7-хь хилларг йоьалгIа демонстраци яра оцу пачхьалкхехь "санитаран диктатурина" дуьхьал дIаяьхьнарг. "Евроньюс" телеканало бинчу хаамца, дуьхьалонан акцеш хилла Францехь 150 гIалахь. Иза жоп ду, коронавирсца къийсам дIабахьаран керла барамаш юкъабаха Францин Конституцин кхеташоно бинчу сацамна делла долу. Оцу сацамца а догIуш, пачхьалкхехь доьхкуш ду бахархошна культуран меттигашка а... Читать дальше...