Талибаша, еш дуьхьало а йоцуш, дIалаьцна кIиранан дийнахь Афганистанан коьрта гIала – Кабул, ткъа тIаьхьо дIалецира цара президентан хIусам а. Цу кепара ерриг Афганистан шайн караэцна "Талибанан" администрацино
"ТIалибан" боламан тIемалоша Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь дIалаьцна ОвхIанистанан коьрта шахьар Кабул, массо а агIор цунна гобинчул тIаьхьа. Амма гIала караэцале цара дIакхайкхийна, цIий Iанор дац, репрессеш хIиттор яц шаьш, "гIала маьрша схьаялар" дийцаре дан лаьа шайна, лаьа ГIани Ашрафан Iедало а, цо ша а капитуляци кхайкхайойла, аьлла. Пачхьалкхера кхиболу мехкаш массо а бара церан карахь, иза нисделира Кандагар, Герат, Мазари-Шариф, Джалалабад гIаланаш дIалецарца. ОвхIанистанан эскарш девдда... Читать дальше...
Оьрсийчоьнан Iедалша "арахьарчу агентийн" тептарна юкъатоьхна йолчу "Мемориал" бакъонашларъяран центро карладаьккхина Оьрсийчьурчу политикан тутмакхийн тептар, хаам бо Свобода Радионо. Цунна тIехь ю 410 цIе. Царах 329 стаг чувоьллина латтош ву, маьршша дин лело а, дин харжа а йолчу шен бакъонах пайда эца гIортрана, ткъа кхина 81 стаг ву кхечу политикан бахьанашца чувоьллина. Цунах лаьцна дуьйцуш ду бакъонашларъярхойн сайта тIехь. ТIаьххьарчу 7,5 баттахь "Мемориалан" политикан тутмакхийн тептарна тIехь гучубелла а дуккха а керла нах. Читать дальше...
Талибаша мохк дIалаьцначул тIаьхьа 50 гергга пачхьалкхо а, Евробарто а цхьаьна дIахьедар дина, Афганистанера арабовлийта аьлла берриг а лууш берш - кхечу пачхьалкхашкара нах а, меттигера бахархой а. Цунах лаьцна хаам бо Свобода Радионо. "Некъаш а, аэропорташ а, дозанаш а, схьадаьстина хила а деза, паргIато латто а еза. Афганан халкъ хьакъ долуш ду кхерамазаллехь а, ларам болуш а даха", ткъа дуьненаюкъараллан декъашхой кийча бу цунна гIо дан, аьлла ду оцу пачхьалкхаша тIеэцначу Американ Цхьаьнатоьхначу... Читать дальше...
Афганистанехь керлачу администрацино Кабулехь кхайкхийна комендантан сахьт, яздо Свобода Радионо. Цхьаболчу хаамашца, кхоьллина Координацин кхеташо, юкъараллин транспорт а, пачхьалкхан хьукматаш а болх бечуьра сацарна а, Кабул дIалацале масех кIира хьалха дуьйна оцу гIала талибаша шайн Iедал хIоттийначу провинцешкара мухIажираш хьовдарца доьзна а. Дийцарехь, оцу кхеташонна юкъавахна маслаIат дарехула Лаккхарчу кхеташонан гIанда Iабдулла Iабдулла а, Исламан партин хьлханча Хекматьяр Гульбеддин а... Читать дальше...