Домодедово аэропортехь теракт кечдаран гIуллакхна тIехула бехкевечу 31 шо долчу Яндиев Ислама Москва гIалин кхеле арз дина Оьрсийчоьнан Федералан ТаIзар Кхочушдаран Урхаллина (ФСИН), талламан изоляторшкахь а, колонешкахь а долчу хьелашна латкъамбеш. "Довхочо доьху, Оьрсийчоьнан ФСИН-н ФКУ ИК-6, ОИК-5 ша латтийначу изоляторшкара хьал талхийна, шена динчу зенна дуьхьал компенсаци яккхар", - аьлла ду Москварчу Замоскворецкан кIоштан кхеле кхаьчначу кехата тIехь (Кавказ.Реалиигахь ю кехатан копи- Редакци)... Читать дальше...
Нохчийчоьнан Денна а, терроризмаца къийсам латторехь солидараллин Денна а лерина Гезгамашин-беттан 3-чу а, 6-чу а деношкахь хIиттош болчу барамех бюджетера 5 миллион сом дера ду. Ковидна дуьхьал даьхначу дозанашца нах гулбеш даздарш дIадахьа дихкинашшехь, оцу бараме кхайкха лерина ву 700 хьажархо. Дезачу деношна барамаш дIабахьа тендер Iедалан цIарах оьшург эца мах кхайкхочу сайта тIехь гучуяьккхина карарчу беттан 12-чохь. Йолчу Iалашонца а догIуш, барам болалур бу "Нохчийчоьнан дог" цIе йолчу... Читать дальше...
Дешаран шо герга кхочучу юкъанна коронавирусах берашна вакцинаци ярх дуьйцучу Оьрсийчохь берийн бакъонаш ларъян векал йинчу Кузнецова Аннас дIахьедина, бертаза берашна прививкаш ярна ша дуьхьал ю аьлла. Новости агенталло яздо цунах лаьцна. "Уггар хьалха суна ала лаьа нийса а, хадам боцуш а: шеко йоццуш, тхо дуьхьал ду муьлххачу а лаамехь йоцчу вакцинацина, дешархошна аьлла ца Iаш, кхиазхошна а, муьлххачу хенара болчарна иза еш елахь а. Цхьа а тайпа бертаза вакцинаци йойла дац, уьш тешорца, цаьрца къамел а деш... Читать дальше...
Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин (ООН) мухIажарийн гIуллакхашкахула йолчу агенталло кхайкхамбина ОвхIанистанан лулахошка, дозанаш диллина дита аьлла. ОвхIанхойн йоллу пачхьалкхехь тIелетарш долийна тIалибаша, эзарнашкахь бахархой уьдуш бу тIемалойх. "Гуманитаран катастрофан дозанехь ду хIоьттина хьал", - дIахьедина ООН-н мухIажарийн гIуллакхашкахула йолчу лакхарчу комиссаран Урхаллан официалан векало Манту Шабияс пIераскан дийнахь Женевехь дIаяьхьначу брифингехь. Хьалхо Iедалхойн ницкъийн карахь хилла провинцеш шайн куьйгакIел а ерзош... Читать дальше...