Оьрсийчуьрчу паргIат кепехь охьатохарх латархочо Садулаев Iабдулрашида дашо мидал яьккхина Токиорчу Олимпиадехь, 97 кийле кхаччалц йолчу йозаллан категорехь. Финалехь цо эшийна америкахо Снайдер Кайл (6:3). Иза шолгIа толам бу Садулаевс шен карьерехь Олипин ловзаршкахь баьккхинарг. Садулаев вина Дагестанерчу Цуриб эвлахь. Цуьнан ду 25 шо. Садулаев доьазза дуьненан а, Европан а чемпион ву паргIат кепехь охьатохарх латарехь.
2021-чу шеран 6 баттахь цхьана ханна тховкIело лахьара аьлла дехар дина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Къилбаседа Кавказерчу органашка 145-а кхечу пачхьалкхарчу вхархочо а, цхьа а паспорт доцчу стага а. Царах дукхаха берш бу советан пачхьалкхан хиллачу республикашкара бахархой. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло далочу терахьца, ерриг а пачхьалкхехь ханна тховкIело еханчу нехан терахь ду 2 743. Иза I 003 стагана кIезиг ду, стохка хьалхарчу эха ашарахь хиллачул а. Къилбаседа... Читать дальше...
Литван Iедалша 300 евро лур ду шаьш аьлла, виза а йоцуш шайн махка кхаьчначу хIора мигрантана. И ахча лур ду цкъа, нагахь нагахь уьш реза хилахь шайн цIа юхабаха. Цунах лаьцна LRT радион эфирехь дIахьедина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан миграцин департаментан куьйгалхочо Гудзинскайте Эвелинас. Цо дийцарехь, ахча дIалур ду аэропортехь мигранташ кеман рейсана тIеховшош. Нагахь уьш Литва юхабагIахь кхин ахча лур дац царна. Мигранташ цIа бахийта рейсаш маца йийр ю билгалдаьккхина дац. ХIара шо доладелчхьана... Читать дальше...
Австрехь кхело, велла дIаваллалц аьлла хан а кхайкхийна, чувоьллина Нохчийчьура вахархо, хаам бо AP агенталло. Кхело бехке лерина кхел йинарг (цуьнан цIе йоккхуш яц) Бек Мартин цIарца вевзаш волу нохчийн блогер Умаров Мамихан верна. Умаровс шен YouTube-каналехь критика йора Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Хьалхо зорбан гIирсаш яздора политикан эмигрант верна шеко йолуш Австрин Iедалша лаьцна Нохчийчуьра ши вахархо - Ахтаев СарIела а, Магамадов Салман а бохуш. Бехктакхаман гIуллакхан материалашкахь дуьйцуш ду... Читать дальше...
Германин прокуратуро Хангошвили Зелимха вер хьокъехь кхел еш тоьшаллаш дан суьде валийнера В. Александр цIарца вовзийтина волу теш, яздо New lines magazine зорбан гIирсо. Иза ву Украинин вахархо, цо ша суьдехь ма аллара, стаг верна бехке вуш волчу Соколова-Красиков Вадиман (Хангошвили верна шеко йолуш лаьцначо чIагIдо ша Соколов Вадим ву бохуш, оццу хенахь Bellingcat тобано дакъа а лоцуш, талламхоша бинчу талламца иза вевзина Красиков Вадим санна) зудчуьнан йишин майра. Тешана вевзира шен гергара стаг ловзаргахь а... Читать дальше...