ОМОНхойх тийсавеллачу Джумаев Сайд-Мухьаммадан гIуллакх Москварчу Тверскойн кIоштан кхеле кхачийна; шина вашас Талламан комитете арз дина, шаьшинна тIехь полисхоша ницкъбарх а, харцонаш лелорах а; 5 миллионан метта 30 эзар лур ду прокурор лаьттинчу Залзаевна
Йоьдучу урокехь дешархошна Мохьмад Пайхамаран сурт гайтина хьехархо балхара дIаваккхар тIедожош, Британерчу Батли гIаларчу школана хьалха протесте бевллера бусулбачу берийн дай-наной. Оьрсийн Свобода сервисо бина и хаам. Исламехь Пайхамаран сурт диллар магош дац. Дуьхьалонан акци ваьллачух цхьаммо дIахьедина, Пайхамаран сурт гайтарца боллу бусулбанаш сийзазбина аьлла. Нагахь санна, хьехархо балхара дIа ца ваккхахь, шайн бераш кхечу школе дохуьйтур ду аьлла, кхерамаш тийсина дайша-наноша, яздо Би-би-си гIирсо. Читать дальше...
Лахарчу Новгородера лачкъийна валийначу шина вашас Исаев Исмаила а, Магамадов Салехьа а Нохчийчуьрчу Талламан комитетан урхалле арз дина, шаьшинна тIехь полисхоша ницкъбарх а, харцонаш лелорах а. "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанан" пресс-секретарна Бесцвет Тиман хаамна тIетевжина яздо цунах лаьцна "МБХ медиа" ресурсо. Магамадовс а, Исаевс а дIахьедарца, царна тIехь ницкъбина дуьххьара стохка аьхка Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу шолгIачу полкан белхахоша лаьцча а. Иштта гIело йина цу шинна кху шеран Чиллан-баттахь лоцучу заманчохь а. Читать дальше...
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказн мехкашкахь верриг а коронавирусах кхелхинарг ву 26 стаг. Вирус хааелла кхин а 439 стагаца. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла 11 дархо, Дагестанехь - ялх, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а шишша велла, ГIалмакхойчохь - цхьа пациент велла уьнах. Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах кхелхина вирус яьржичхьана 8 455 стаг. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан кIоштахь - 135 стаг. Читать дальше...
Оьрсийчоьнан оппозиционерехьа Дечкен-беттан 23-чохь хIоттийначу митингехь полисхойх тийсавеллачу Джумаев Сайд-Мухьаммадан гIуллакх Москварчу Тверскойн кIоштан кхеле кхачийна. Кхело сацам бина дов хоттучу юкъанна оцу гIуллакхна гунахь берш бен кхеташоне ца бита, яздо "Кавказский узел" агенталло. Цхьана иттех динахь къаьстар ду, кхелан ладегIарш маца хир долуш ду, хаийтина суьдан пресс-гIуллакххоша. Хьалхо Джумаев Охан-бетта 16-чу дийне кхаччалц чохь вуьтуш сацам бира. Бехкбиллархойн хьесапашца... Читать дальше...
Ura.ru гIирсан керлачу хаамна тIехула Нохчийчохь прокурор лаьттинчу Залзаев Мурата дехначу 15 миллион соьма тIера 30 эзар соьме охьабаьккхина компенсацин барам Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело. Дуьйцург ю, хаамийн агенталло экс-прокурор юкъахь волуш хиллачу некъан хьовзамах шен агIонашкахь дийца даккхар. Ura.Ru гIирсана тIедожийа 30 эзар сом компенсаци Залзаевна дIаяла. Иштта, кхело декхаре йина агенталла, Залзаев Мурадан бехках некъан бохам хиларх язйина информаци бакъ ца хиларх дIакхайкхон а. "Нохчийчохь... Читать дальше...
ГIаттамхошна гIо латтийна ву аьлла, бехкевинчу шина вешин: 17 шо долчу Исаев Исмаилан а, 20 шо долчу Магамадов Салехьан а гергарчара шайна кхерамаш тийсарна Оьрсийчуьрчу Талламан комитете арз дина "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано". "Медиазона" ресурсо бина цунах хаам. Кху деношкахь полисхоша лаьцна вигинера Исаевн а, Магамадовн а цIийнах волу ткъех стаг, цу шиннан да-нана долу меттиг йицийта Iалашонца. ЛГБТ-жигархойн информацица, буьйса юккъе яхначу заманчохь маьршабаьхна хиллера лецнарш. Уьш полисхоша дIабигина аьлла... Читать дальше...