Пачхьалкхан Думин куьйгалхочунна Володин Вячеславна хетарехь, оппозиционера Навальный Алексейс юкъадаьккхина "хьекъале кхажтасар" – иза Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIерта кхоьллина проект ю. Шен телеграм-каналехь цо яздина, проект схьакховдийнарш "дозанал арахьа бу", ткъа цунна тIехьа лаьтта, Пачхьалкхан Думин куьйгалхочунна гарехь, "Малхбузера пачхьалкхаш а, къайлаха сервисаш а". "Хьекъалечу кхажтасарна" бухахь цхьа а маьIна дац, ду деккъа дIа "Iедале кхача лаар", аьлла хета Володинна. Читать дальше...
Краснодарна гергарчу Новомышастовская станицехь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахой цIийнах хьаьвсина, левина жигархо Молоданов Виталий. Оперативан болх, хIоттийначу моттаргIанца а догIуш, боьзна бара яйна йолу станицерчу школин дешархо лахарца, амма полисхойн алссам балакхаьчна Молодановн протестан жигараллин. Кавказ.Реалиига ша жигархочо дийцарехь, шоьтан Iуьйранна 7 сахь даьлча баьхкина ницкъхой. Телефонаш а, планшет а дIаяьккхина цара. ЦIийнах хьожуш, бахьаннина буха диллина Новомышастовская... Читать дальше...
ФСБ-но полицин ши белхахо лаьцна БуьритIехь кххаьънаш эцарх йолчу шеконца. Иштта довзийтина Кавказ.Реалиина уьш лецаран бахьана низамаллин урхаллехь. Официалан версица, наркотикаш лелош гучуваьллачу Къилбаседа ХIирийчоьнан вахархочуьнгара, бехктакхам лахбийриг, ахча дехна цара. Лецна полисхой шаьш болх бечу БуьритIерачу полицин Промышленни кIоштан декъанна уллехь. "ТIееъначу машена чуьра вуно сиха охьалилхира оперативан белхахой, цара секундашкахь лаьцна, дIавигира ши полисхо", – дуьйцу гинчара. Читать дальше...
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 25 кхелхина коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу пациентех, цомгуш хилла оцу уьнах кхин 436 стаг. Официалан хаамашца, Краснодар-махкахь велла COVID-19 цамгарх 12 дархо, Ставропол-махкахь – 5, Дагестанехь – 4, ГIебарта-Балкхаройчохь – 2, Адыгейхь а, Кхарачой-Чергазийчохь – цхьацца. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг ву 8 323 стаг. Массанхьачул дукха бу дийнахь-буса ун кхетарца билгалбевлла нах Краснодар-махкахь – 125 стаг. Читать дальше...
Ростоврчу тIеман кхело низамехь йоцчу гIеранийн декъавахарна набахтехь даккха 7 шо кхайкхийна Нохчийчуьрчу Ахъядов Рамзанна. Кхело тоьшалла карийна лору Ахъядовс 2013-чу шеран тIаьххьарчу муьрехь Шемахь тIом бина хиларх. Бехкевечо даре ца дина ша Шемахь тIом беш лелла хиларх. Кхин сов башхаллаш йовзуьйтуш яц листина даьккхинчу девнан. Хьалхо Кавказ.Реалиино дийцира Нохчийчохь 63 шо долу яхархо террорца доьзначу зуламна бекеярх лаьцна. Талламо бахарехь, халифат кхуллуш дакъалаьцна цо. Ткъа гергарчара бахарехь... Читать дальше...