Абдурахманов Тумсон вешина дан лерина тIелатар юкъахдаьккхина немцойн полисхоша; нохчийн Iедалхоша шайна тIера дIадаьккхина Тепсуркаевх жоьпалла; юха COVID-19 яржарна кхоьру Нохчийчохь
Гоьваьллачу журналистан Пивоваров Алексейн "Редакция" ютьюб-канало шен агIонехь йовзийтина Къилбаседа Кавказехь бакъонаш хьешарх лаьцна лерина репортаж. Доккхачу декъанна фильмехь терго йина зударшна тIехь ницкъбарна. ГIебарта-Балкхаройчуьра а, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а зударша дуьйцу шайна тIехь харцо лелорах: хьалхе маре дахийтарх, доьзалехь ницкъбарх, бераш лечкъорах, меттигерчу кхелашкахь нийсо ца карорах, кхел йоцуш нах хIаллакбарх, чIирах. Дукхахболчу кинохь дакъалоцучара шайн цIераш а... Читать дальше...
Участник теракта на Бостонском марафоне Джохар Царнаев, отозвал свой иск на 250 тысяч долларов против федеральных властей, призвав выдвинутого президентом США Джо Байденом на должность генерального прокурора Меррика Гарленда поспособствовать смягчению условий своего содержания в сверхсекретной тюрьме,пишет Boston Herald. Как сообщает газета, 26-летний террорист в только что поданной «исправленной» 20-страничной жалобе утверждает, что в тюрьме нарушаются его конституционные права и Гарланд должен отдать распоряжение остановить все это. Читать дальше...
27 эзар гергга Нохчийчуьрчу бахархошна мехий диттина COVID-19 вирусна дуьхьал аьлла, дIахьедина мехкан могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана. "Эксперташа бахарехь, бIаьстенца юха а коронавирус яржа тарло, цундела тахана долу эпидемиологин хьал иштачу тIегIанехь латторхьама прививкаш яр совдаккха деза вай. Ковидна дуьхьал йина вакцина бахьана долуш кхолгIачу вирусан тулгIе ца хьакхалуш довла тарло вай. Таханалерачу дийнахь вакцинаци йина республикерчу 27 эзар гергга вахархочунна", - аьалла, дийцина министро. Читать дальше...
Краснодаран кIоштарчу шайн белхан накъосташка дIакхачийна нохчийн талламчаша оппозицин IАДАТ телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салман лачкъорах гулйина материалаш. "Iазапашна дуьхьало латторан Комитето" хаам барехь, Тепсуркаев Нохчийчуьрчу бакъоларъяран структураша лачкъийна хиларх информаци талламаш бечу юкъанна харц йина хиларна, ишта сацам бина цара. Нохчийн талламчаша тергамза дитина, Геленджикехь Тепсуркаев лачкъийначул тIаьхьа цуьнан гергарчарна иза латтон меттиг къаьстина хиларх. Салманан телефонца хиинера царна... Читать дальше...
Асад Башарна а, цуьнан хIусамнанна а коронавирусан ун далар тIечIагIдина тесташа. Оршотан дийнахь Шеман президентан канцелярехь динчу дIахьедарца,COVID-19 вирусан билгалонаш гучуевллачул тIаьхьа шинне а тесташ йинера. 55 шо долу Асад Башар а, цуьнан 45 шо долу хIусамнана а балха юхадогIур ду, шина-кхаа кIиранах цIахь дарба лелийначул тIаьхьа аьлла ду, президентан канцелярин белхахоша бинчу хаамехь. Димаьшкъас контрол латточу дозанашкара кхаьчначу официалан статистикаца, 16 эзар стаг ву цигахь ун даьлла. Читать дальше...
Feeding America (Америка кхабар) гIо-накъостасллин юкъаралло далочу терахьашца, Американ хIора ялхолгIа вахархо таро йоцуш ву аьхна а, дегIанна пайде болу а кхача эца. "Американ аз" порталан корреспондента Малик Нухбата дуьйцу оцу кепара хьал хийца гIертачу Вашингтонерчу кхачанан сурсатийн туьканах лаьцна.
ТIаьххарчу дийнахь -буса динчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 19 дархо, вирус къаьстина кхин а 412 стагаца. Инфекцица къийсам латточу Оперативан штабо динчу лараршца, Краснодаран кIоштахь велла 14 стаг, Ставрополан махкахь - виъ, Дагестанехь цхьаъ. Къаьсттина дукха бу вирус кхетта нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь къастарца Краснодаран кIоштахь - 137 стаг. Краснодаран мохк+ 137 (39 707 ву пандеми яьржичхьана) ГIебарта-Балкхаройчоь+ 66 (21 599) Ставрополан кIошт+ 62 (48 232)... Читать дальше...
Оьрсийчоьнан регионашкарчу Навальный Алексейн штабийн куьйгалхочо Волков Леонида дIахьедина, Махачкалахь цуьнан штаб схьаелларна тIехь беш болх бу аьлла. Гергарчу хенахь пачхьалкхан иттех гIаланашкахь Навальныйн штабаш елла дагахь бу. Ю билгалъяьхначу меттигашлахь Астрахань а. "Махачкалахь штаб елла гIерташ, белхаш бу оха дIахьош: дуьххьара аьтто ца белира тхан, амма штаб елланза Iийр дац тхо. Дагестанан шахьара- уггар а Оьрсийчуьрчу гIаланех йоккханиг ю, цигахь цкъа а тхан штаб хилла а яц. Цигахь протесте бовла дог-ойла йолуш... Читать дальше...
Оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон вешина Абдурахманов Мохьаммадна вен Iалашонца дан лерина хилла тIелатар юкъахдаьккхина. Шен каналехь бина цунах лаьцна хаам блогеро. "Киллер лаьцна, карара герз даьккхина, таллам бу дIахьош", - дIахьедина Тумсос. Цо бахарехь, иза вен кхайкхийна хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун шичас Эдельгериев Паруддис. Шен Iалашо кхочушъярехь юкъарло дийцийта Германехь веха Дадакаев Валид карийна цунна, цуьнга дIакхачийна ахча а. Шен гергарчу стагера Цакаев Романера эцна хилла Макаровн тапча Дадакаевс. Читать дальше...