ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь велла коронавирус шайца хааелла 26 пациент. Цомгуш хилла кхин а 508 вахархо. Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, COVID-19 цамгарх Краснодар-махкахь кхелхина 14 стаг, Ставропол-махкахь – 6, Дагестанехь, ГIалмакхойчохь –шишша, ГIебарта-Балкхаройчохь, Адыгейхь – цхьацца. Верриг а пандемин муьрехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официалехь 8004 стаг. Массанхьачул дукха бу дийнахь-буса ун кхетта нах Краснодар-махкахь – 140 стаг. Читать дальше...
Оьрсийчоьнан дипломат махкара араваьккхина Францино, шпион хиларна бехкевеш. Цунна дуьхьал изза жоп делла Оьрсийчоьно а.Оцу хьокъехь хаам баржийна Францерчу а, "Коммерсантъ" а газеташа. Les Echos газето бахарехь, инцидент иккхина дIадахана шо довш. Дийцарехь, Парижерчу Оьрсийчоьнан векалтан экономикан декъан куьйгалхойх цхьаъ лаьцна шпионалла лелош. Иза махкахваьккхина, дуьхьал жоп луш, нон-грата кхайкхийна Оьрсийчоьно Москварчу францойн векалтан экономикан декъерчу цхьана дипломатна. Амма официалехь хилам бовзийтина бац. Читать дальше...
Кхаа нохчочунна депорт яр юкъахдаьккхина Австрино. Даймахка юхахьажо кечвина вара 20 а, 23 а шераш долу ши ваша а, эпилепсех цомгушволу 40 шо кхаьчна стаг а. Уьш цкъачунна пачхьалкхехь битар официало дузу депортацин набахтехь царех цхьанна коронавирус кхетта хиларца. Австрерчу жигархочо Дунаева Розас Кавказ.Реалиига дийцирехь, жимма долчу бахьаница лаьцна хилла ву ши ваша шо хьалха. Австрин федералан конституцин кхело сацамбина уьш махкахбаха. "Ши ваша Австре гуттар а жима волуш валийна, 2 а, 5 а шераш хилла церан. Читать дальше...