Кисловодскан кхело ша Ессентуки гIалахь дов хоттучу нахах цхьаъ – Саутиева Зарифа - лаьцначуьра дIахецна, цIахь латточу хьесапе яьккхина. "Шаьш динчу дехаран ларамбаро цецбаьхна адвокаташ а, ша Зарифа а. Иза дикачу хьолехь ю, хиллачух ша а ца теша", - элира Кавказ.Реалиига адвоката Дзугаев Билана. Кхечу адвоката, Куриев Жабраила, дийцира Кавказ.Реалиига, Саутиева Зарифа лаьцна латторан кеп хийцар доьхуш, шаьша иза дуьйзира иза изоляторе хьажош лелла хьелаш хийцадаларца, аьлла. "Дов доьдуш вуно боккха болх бина... Читать дальше...
"Президента аьлла – караерзо еза". Кадыровс ницкъхой хьовсийна Арктике; UFC-латархо Чимаев Хьамзат Швецера доларчу кеманца дIавигина Кадыровс; Кремлан а, ницкъхойн а сайташ еллалуш яц. ХIун хилла?
Чехин президета Земан Милоша даржера дIаваккха аьлла мехкан министрийн кабинетан куьйгалхочуьнга могашллин министр Блатны Ян Оьрсийчоьнан коронавирусан "Спутник V" вакцина бахьанехь. Министрна хетарехь, оьцийла дац вакцина, иза Европан Бертан тергамбечу урхалло магголц, ткъа Земанна гарехь, меттигерчу Iедало маго еза и вакцина. Parlamentní listy газетанна интервью еллачу Земана боху, Оьрсийчоьнан а, Китайн а вакцинаш йита еза махка чу ма-хуьллу сиха. Цо бахарехь, вакцина чу ца юьтучу Блатныс а... Читать дальше...
Германин къайлахчу сервисаша юкъахдаьккхина оппозицехь волчу блогеран Абдурахманов Тумсон ваша вен кечдина зулам. Масийтта баттахь кечлуш хилла Абдурахманов Мохьаммадна къело ян, хаам баржийна шен YouTube-каналехь Абдурахманов Тумсос.
Кремлан, министрийн кабинетан, Роскомнадзоран, Талламан комитетан, Пачхьалкхан Думин, кхин а цхьамогIа Оьрсийчоьнан Iедалан урхаллийн сайташ севцца кхаарин дийнахь болхбечуьра. Оцу хьокъехь хаамаш баржийра Оьрсийчуьрчу а, арахьарчу а интернетах пайдаоьцучара. Сайташ лагIъялар тергалдечу Downdetector сервисах пайдаоьцучара бахарехь, галбаьлла болх Оьрсийчуьрчу провайдерех хьалхарчу могIарахь йолчу "Ростелекоман". Иза белхан гIирс бохарца дузу компанино. Кхарин Iуьйранна ша Твиттеран болх лагIбо Оьрсийчохь, хаам баржийра Ростелекомо. Читать дальше...
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана лерина ницкъаш Iама хьовсийна Арктике. Iамораш лаьттар ду кху беттан 30-ра Охан-беттан 6-чу дийне кхаччалц. Iамар стенна оьшу дуьйцуш, "мостагIашца" къийсам латто беза, "уьш а бац юьстах Iаш, шайн методикаш кхуллуш бу", - аьлла Кадыровс. Амма коьрта Iалашо ю Арктике Росгвардин ницкъаш Iама хьовсоран, Кадыровх тешча, иза Оьрсийчоьнан президентанна Путин Владимирна муьтIахь вуйла гайтар. "Оха хаийтина тхаьш коьртачу буьйранчин муьлхха а омра кхочушдан кийча дуйла... Читать дальше...
Талламан комитетан Къилбаседа ХIирийчуьрчу урхалло бехк тIебаьхьина полицерчу наркоташца къийсам латточу декъан шина белхахочунна. Урхаллин пресс-векалто бечу хаамца, вуьйцург ву 40 шо долу полковник а, 37 шо кхаьчна волу майор а. Талламчаша бахарехь, бехктакхам байбийриг ахча доьхуш хилла цара БуьритIерачу яхархочуьнгара. Кавказ.Реалии сайто дийцарехь, дIадахначу шеран ГIуран-баттахь меттигерчу яхархочун цIийнах хьовсуш, карийна хилла "Лирика" молхан 24 буьртиг. И препарат чохь кхабарна айбеш бац бехктакхам. Читать дальше...
Роскомнадзоро кхаарин дийнахь дIахьедина, Оьрсийчохь Твиттеран чехкалла лагIъен болх юьхьаръэцна ша, аьлла – мобилан телефонашна 100%, стационаран компьютершна – 50%. Цуьнан бахьана ду, боху, "бахархой Iалашбар а, интернет-сервисе Оьрсийчоьнан территори тIехь низамаш лардайтар а". Роскомнадзоран хаамо бахарехь, 2017 шарера схьа тахханал Твиттеро дIакъовлуш яц "кхиазхой шаьш-шайн байъаре кхойкху а, берийн порнографи гойту а, наркотикаш лелорах йолу а контент". "Низамца а догIуш, … Twitter интернет-сервисо... Читать дальше...