Ненах даьккхина, Шема дигина ши бер юхадалийна; ДIасавалар дихкинашшехь, Армавире вахначу нохчочунна хан тоьхна; Шайгара дарбанаш ма леладе, цомгашчаьрца совнахберш чу а ма эца аьлла, Кадыровс
Оьрсийчуьрчу Великий Новгородехь лоьрийн дешар доьшу нохчийн студенташ COVID-19 ун кхеттачу дархошка хьовсуш болх беш бу меттигерчу дарбан цIийнехь. Оцу юкъана шайх цхьаннах и вирус хьакхаелира, бохуш дуьйцу цара.
Соьлж-ГIаларчу аэропортехь охьадоьсина Шемахь ялх шо даьккхина ши бер далош догIу кема, хаамбо Грозный-Информ агенталло. 12 а, 15 а шераш долу йиша а, ваша а ду и шиъ: Абкаров Маьхьди а, ПетIимат а. Церан ненах лачкъийна, къайлах дас дIадигина хиллера и ши бер ша Шема воьдуш. Берийн нана дарбан хIусамехь Iуьллуш хиларна, аэропорте дуьхьал еанера Устрадара берийн ненана а, кхинболу гергара нах а. Нохчийчуьрчу берийн бакъонашларъярхочо Хирахматов Хьамзата дийцина журналисташка, бераш могуш а, дикачу хьолехь а ду... Читать дальше...
ТIаьххьарчу дийнахь-буса а динчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь 30 стаг велла коронавирусан инфекцех. Кхин а 1 058 вахархочуьнца вирус къаьстина. Эпидемица къийсам латточу оперативан штабан статистикаца, Дагестанехь велла COVID-19 вирус йолу исс дархо, Краснодаран кIоштахь ворхI, Ставропол-махкахь виъ, ГIалмакхойчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а кхоккха, ГIебарта-Балкхаройчохь шиъ, ГIалгIайчохь а, Адыгейхь а цхьацца. Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла пандеми яьржичхьана COVID-19 вирусах 3 526 пациент. Читать дальше...
Мина иккхина Ломарчу Карабахехь чевнаш йина Оьрсийчуьрчу цхьана эпсарна а, Ломара-Карабахан республика аьлла, шаьш дIакхайкхийначу лаьттан виъ вахархочунна а. Азербайджанан эскарера эпсар велла. Кху беттан 23-чохь Тертерскан кIоштахь белларш лоьхуш бара машарбархойн тоба а, Карабахан орцан министралла а, дуьнеаюкъара ЦIен жIара а. Мадагиз олучу эвлана гергахь эскархой лилхинера минаш тIехь. Дахарна кхераме чевнаш яц лазийначаьрца аьлла, хаамбина журналисташка Оьрсийчоьнан тIеман министралло. Урхаллан векалан дешнаш далош... Читать дальше...
Зулам дина аьлла, кхеле хIоттийначу меттигерчу вахархочун гIуллакх листина Гуьмса гIалин суьдхоша. Ницкъаллийн структураша дIасавалар дихкина хилла иза, шен лаамехь хIусамера ваьлла дIавахана хиллера. Кхелахоша къастийна, полисхоша тергонехь латтош хилла иза хьалха а кхел йина хилар. Цхьаннах дага а ца волуш, шен лаамехь Краснодаран кIоштарчу Армавире вахана хилла бехкевийриг. Прокуроро бехкбиллар тергоне а эцна, кхело тIечIагIдина цуьнгара зулам даьлла хилар. Шога хьелаш лаьттачу колонехь яккха хан тоьхна Гуьмсерчу вахархочунна.