19 нохчочо, къайлах Литва а кхаьчна, тховкIело ехна; Нохчийчохь полицино а, муфтиято а нахалбаьхна некъаш тIехь зуламаш дийраш; Жириновский: Нохчийчуьрчу харжамашкахь дакъалаца ца буьту либерал-демократаш
Кадыров Рамзана дIахьединера Къоман агенталла кхоьллина ша махкал арахьа бехачу нохчашна гIоьнна аьлла. Оьший-те Европехь бехачарна Нохчийчуьра цу кепара гIо, аьлла дара оха дIадаханчу кIиранах хIоттийна хаттар. Муха ду оцу талламан жамI.
Соьлжа-ГIалахь, некъан инспекцин лерринчу декъан территори тIехь профилактикан къамел дина 80 сов машенлелорхочуьнца полицерчу хьаькамаша а, Нохчийчоьнан муфтиятан векало а, хаам бо мехкан некъан инспекцино шен Инстаграмерчу агIон тIехь. Некъан низам талхийначаьрца къамел деш муфтийн векала емалбина "гонахарчу нахана а, шайна а кхераме" болу машенийн дай, хьехна дино харцо магош яцарх лаьцна. Карарчу шеран беттанашкахь Нохчийчохь 185 зулам нисделла некъашца, вийна 84 стаг, лазийна 239. Некъан низам талхийна нах Iарабахар... Читать дальше...
Литварчу дозалардархоша шайн пачхьалкхерчу Шальчининкай гIалин кIоштарчу хьуьнхахь лаьцна махка легалехь а доцуш чувеана 19 нохчо. Белоруссин доза хадош кхаьчна цига и нах – 5 стаг а, 4 зуда а, бераш а, хаам баржийна белоруссийн Reformation портало, Литван дозалардаран урхаллина тIе а тевжаш. Белоруссин-Литван доза дохийна мигранташа, Гервине хи чухула чекх а бевлла, ах километр дIабахана Литван территори тIехула. Шаьш лецча, тхов кIело ехна цара Литвага. Церан цIерш билгалъяхна дозанхоша. ... Читать дальше...
ВорхI шо ду Нохчийчохь либерал-демократин партин (ЛДПР) декъашхошка шайн кандидатураш меттигерчу харжамашка ца йохкуьйту, аьлла "Эхо Москвы" радиона интервью луш партин лидера Жириновский Владимира. Политика бахарехь, еккъа цхьа Нохчийчоь ю партин и проблема йолуш. Цо махкарчу прокуратуре аьрзнаш а дина оцу хьокъехь, прокрорашна ца карадо либерал-демократашна харжамашкахь дакъалацар дехка бахьанаш, амма хийцалуш хIума дац, леткъира Жириновский. Францин президентан Макрон Эммануэлан политика бахьанехь... Читать дальше...
Австрин Iедал толлуш ду Венехь Лахьан-беттан 2-чохь хилла терроран тохар. Еарин дийнахь чоьхьарчу гIуллакхийн министра Нехаммер Карла ша парламентехь динчу къамелехь хаийтина 15 стаг лаьцна, зуьйш хилар. Лецнарш массо а кеп-кепара юкъаметтиг йолуш хилла террорхочуьнца Ф. Куйтимца, терроран тохарца уьш боьзна бу я бац къастош ю полици, элира Кавказ.Реалиига чоьхарчу гIуллакхийн министраллерчу пресс-векалто. Цо бахарехь, лецначу нахах массех стаг хилла хьалха экстремизм бахьанехь набахти текхна я Iедало жоьпе ийзийна. Читать дальше...