ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказезь коронавирусан уьнах велла 23 дархо, вирус къаьстина кхин а керла 1 003 стагаца. Эпидемица къийсам латто вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь а, Ставрополан кIоштахь а кхелхина COVID-19 вирусах ворхI-ворхI пациент, Краснодаран кIоштахь велла пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалгIайчохь а шишша. Пандеми яьржичхьана верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 3 304 стаг. ТIаьхххаьрчу 24 сазхьтехь динчу лараршца, къаьсттина дукха... Читать дальше...
Цхьана кIиранчохь 3-гIа лаккхара гойту цхьана дийнахь а, буса а Оьрсийчохь коронавирусан ун даьллачу нехан терахь. Ун ца даржийта вовшахтоьхначв оперативан штабан информацица, цхьана дийнахь 22 702 стаг цомгаш хилла. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь COVID-19 вирусах кхелхина Оьрсийчохь 391 пациент. Дарба хилла 18 626 стагана. Оперативан штабо шоьтан дийнахь довзийтинчу зерашца, ун токхуш ву 444 890 дархо. Эпидеми йолаелчхьана коронавирус къаьстира 1 903 253 вахархочуьнца. Пачхьалкхехь коронавирусан уьнах леш болчийн терахь тайп-тайпана гойту. Читать дальше...
Нохчийчуьрчу Къоман библиотекехь презентаци хилла меттигерчу яздархоша арахецначу туьйранийн жайнан. Хьалхо газетийн а, журналийн а агIонашкахь зорбане даьхна хилла нохчийн яздрахойн туьйранаш гулдина оцу книги тIехь. Авторшлахь ву Макалов Шамсудди а, Пашаев Нурди а, Джамбеков ШаIрани а, Ахматукаев Адам а, Сейлмуханов Муса а, Закриев Iийса а, Ахмадов Муса а, кхинберш а. "Юьхьанца бIе туьра хиллехь а къастийна, книги юкъа дахна 68 туьйра. Дерриш а берашна леринарш зорбане даха хьесап дира яздархоша. Читать дальше...
Нохчийчоьнан парламентан спикеран Даудов Мохьмадан цхьанакхетар хилла республикан керлачу тIеман комиссарца Есимбиев Турпал-Iелица. Цаьршиннан дийцарш хилла карарчу шарахь нохчийн кегийрхой эскаре бахийтарх лаьцна. ТIеман комиссаро чIагIо йина, доьдучу шарахь Нохчийчуьра 500 жима стаг эскаре кхойкхур ву аьлла. Царех 400 Къилбан тIеман гонашкахь вуьтур волуш ву, ткъа висинчу 100 стаге даймахкахь эскаран гIуллакх кхочушдойтур ду. Кху беттан 9-чохь Воронежерчу эскархойн декъехь хиллачу кхийсаршкахь... Читать дальше...