Виъ стаг а вуьйш, герзаш детташ хьийзина зуламхо чулелла ши маьждин дIакъовла сацамбина Венехь. Иштта хаам баржийна Австрин интеграцин гIуллакхашкахула йолчу министра Рааб Сюзаннас. Австрин Iедална гарехь, шина а маьждигехь ислам харц хьоьхуш хилла. ПIераскана полици хьажна маьждигах. Оцу гIулчо дIа ца йоккху бусалбанашкара дин лело бакъо, аьлла Рааба. Оццу дийнахь шен пресс-кенференцехь Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Нехаммер Карла дIахьедина, Венехь нах байъинчух лаьцна информаци кхаьчна хилла хан хьалха Словакера... Читать дальше...
ХIинжа-ГIалахь дIаьвшан симптом йолуш дарбан хIусаме виллина 39 вахархо, шайлахь 12 бер а долуш, хаам бина мехкан могашаллин министралло. Лоьрашкара йолчу информацица, юккъерчу хьолехь бу ун кхеттарш: 38-39 температура а, чохьлазар а долуш. Цамгаран бахьана дуьззина хууш дац медикашна. Могашаллин министралло дийцарехь, шаьша дарбан хIусаме бахкале пациенташа цхьацца хена чохь кхача биина гIаларчу цхьана кафе чохь. Эпидемиологин урхаллера белхахой толлуш бу и кафе. Дагестанахь дукха меттигаш ю юучух я хих нахана ун даьлла. Читать дальше...
Невинномысск гIалин администрацин куьйгалхочун гIовс Бондаренко Олег а, Ставропол гIалин Думин гIуллакхаш лелочу декъан куьйгалхо Аладин Евгений а лаьцна цара коррупци лелорах йолчу шеконца. Махкарчу "Ставрополье" телеканало дийцарехь, тIе билгалонаш а хIиттош, низамна тIехьожучу белхахоша кечдина 500 эзар сом дIаоьцуш лаьцна Бондаренко. Стенна белла цунна и кхаъ хоуьйтуш дац цкъачунна. Ца яздо прессехь, хIун дакъа лаьцна кхаъ лучохь-оьцучохь Аладина. Бахначу баттахь Ставропол-махкахь коррупцица доьзна лецира гIишлошъяран... Читать дальше...
Оьрсийчохь тIаьххьарчу 24 сахьта чохь коронавирусах цомгуш хилла, официало бахарехь, 20 396 стаг. Ткъа стомара уьнах халкъ Iалашдаран оперативан штабо довзийтина терахь дара 20 582. Пандеми йолаелчхьана схьа уггаре лакхара статистика ю иза. Ерриг а хенахь Оьрсийчохь COVID-19 цамгар кхетта 1 753 850 гергга вахархочунна, цунах белла нах багабо иттаннаша эзарнашкахь. Оьрсийчоьнан могашаллин министра Мурашко Михаила бахарехь, 900 эзар гергга стаг ву таханенна ун кхетта, царех 250 эзар Iуьллу дарбан хIусамашкахь. Читать дальше...