Зорбане яьхна де-буьйса далале дIаэцна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент хиллачу Обама Барака язйина мемуараш – 900 эзар книга, яздо Британерчу The Guardian газето. Иза рекорд ю президент Iийначун книга сиха а, дукха а дIойокаяларца. Клинтон Биллан "Сан дахар" книгин 400 эзар экземпляр йоьхкина хилла араяьллачу дийнахь, Буш Джорджан "Сацам тIеоьцу хан" мемуарех 200 эзар книга бен ца йоьхкина араевллачу 24 сахьта чохь. Amazon а, Barnes & Noble а цIе йолчу интернет-сервисаша юхкучу... Читать дальше...
Лецна кхобу хан яхйина гIалгIайн протестан лидершна. Кхел йолор ю карара бутт бовш; Дагестанан премьер-министран дарж делла Амиранов Iабдулпатахье; Нальчикерчу шен коллегийн агIолоцуш пикете ваьллачу адвокатна гIуда тоьхна Москвахь
Оьрсийчуьрчу цхьаболчу хаамийн гIирсийн контент хьовсархошна тIекхача йоьхкуш хуьлу YouTube, Facebook, Twitter дIакъовла бакъо яларх лаьцна низаман проект чуелла депутатийн тобано тахана. Проекто магадо маршонан кепаш, дешан паргIато талхош хилар Оьрсийчоьнан инарла прокуратуро а, цуьнца цхьаьна арахьарчу гIуллакхийн министралло а, Роскомнадзоро а Iорадаьккхина информацин ресурс дIакъовла. Проект чулуш депутаташа шаьш яздинчу кехатехь боху: "20-зза сов хааелла дискриминаци" еш Оьрсийчуьрчу хаамийн гIирсашна Раша Тудей... Читать дальше...
ХIора шарахь лахьош йолу хурманаш схьалахьйинчул тIаьхьа, Иракъерчу Кербела гIалин йистехь, жимачу фирмехь хурманаш яьшканашна чунисъеш болх беш ю, иза боцург, кхин рицкъ тIедан меттиг боцу 100 сов зуда.
ГIалгIайчохь лаьттинчу протестан боламан 7 жигархочунна лаьцна латто магийна хан дIаяхйина Кисловодскерчу кхело. Бакъоларъечу "Мемориал" центро бечу хаамца, юьхьанцара ладегIарш долош ду кхело. Жоьпе балийнарш дукха хиларна Кисловодскехь дIахьойла дац кхел, иза Ессентукехь хир ю. Хьалхара белхан де ду кхелан кху беттан 24-чохь. Дов хоттур ду Барахоев Ахьмадна, Мальсагов Мусана, Нальгиев ИсмаьIална, Саутиева Зарифина, Ужахов Малсагна, Хаутиев Бахьавдинна, Чемурзиев Барахна тIехь. 2019 шеран... Читать дальше...
Мехкан куьйгаллехь хийцамаш бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шен гергара нах даржашкахь дIатарбина. Дуьххьара дац регионехь оцу тайпа принцип лела. Коьртаниг – цуьнан цIийнах хилар ду, профессионализм а, белхан зеделларг а, дукхачу хьелашкахь, лоруш а дац. Гергарлонийн зIенаш Нохчийчоьнан министрийн кабинетан а, мехкан куьйгалхочун администрацин а кхеташонехь дийцаредира даржашка нах хIитторах. Вице-премьеран а, юьртабахаман министран а даржехь чIагIвира Кадыров Рамзана шен йишин кIант Закриев ИбрахIим. Читать дальше...
Москварчу Басманан кхело кхаарин дийнахь 10 000 сом гIуда тоьхна цхьалха пикет хIотторна адвокатна Берман Данилна. Иза протестан акце ваьллера ГIебарта-Балкхаройчохь Iедална дуьхьалоярна бехктакхаме ийзийначу адвокатийн Ципинова Дианин а, Жилоков Ратмиран а агIолоцуш. Юкъараллин барамехь низам а дохош дакъалацарна олу административан жоьпалле озийна Берман. Цо харцо лору шеца йинарг, лерина ву, эшахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле кхаччалц а, аьрзнаш дIасахьийсо. Пхи бутт хьалха лецира... Читать дальше...
Дагестанан Iедалехь куьйгалхочун гIовс лаьттинчу Амиранов Iабдулпатахьна ханна тешийна премьер-министран дарж, хаам бо"Интерфаксо". Мордовин куьйгалхочун дарж Волков Владимира дитар къобалдина президента Путин Владимира, цуьнан метта ханна хIоттийна Дагестанехь премьер-министр Iийна Здунов Артем. Бутт хьалха Дагестанан куьйгалхочун дарж дитина Васильев Владимира. Цуьнан бахьана могашалла эшарца дозу аьлла ду яздина Кремлан сайта тIехь. Оьрсийчоьнан президентан омрица ханна, харжамаш хиллалц... Читать дальше...
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 25 пациент. Цомгуш хилла цунах кхин а 1039 вахархо, боху Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабо. 9 стаг кхелхина Дагестанерчу дарбан х1усамашкахь, Краснодар0махкахь велла 6 стаг, Ставропол-махкахь – 5, ГIебарта-Балкхаройчохь – 3, Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а –цхьацца. Верриг а уьнах Къилбаседа Кавказехь велларг лору 3404 стаг. ТIаьххьарчу дийнахь-буса а, пандемин ерриг а хенахь а цомгуш хилла: • Ставропол-мохк... Читать дальше...
Федерацин Кхеташоно магийна Путинна Карабахе эскарш хьовсо. Ткъа уьш цигахь долу-м кIира а ду Ломан Карабахерчу конфликтан зонехь латто эскарш хьовсо магийна Оьрсифчоьнан Федерацин Кхеташоно президентана Путин Владимирна кхаарин дийнахь. Конституцино президент декхарево Оьрсийчоьнан эскарш дозанал арахь латто эшар Федерацин Кхеташонца дийцаре дан а, цуьнгара пурба даккха а. Кхеташоно хIинцца бен и хаттар листина дацахь а, шайца герзаш а, техника а йолуш, машарбаран тIеман контингент Путина Карабахе дIахьажийна ду кIира ... Читать дальше...